Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Шун гІаланех саьлнаш йийр ю Ас, аш цІушна Іибадат деш долу цІенош а дассор ду, аш деанчу сагІанех хьожа а йоккхур яц. Хьо тхуна дуьхьалкхетачу меттигехь Хьан мостагІаша гІигІ дора. Тхан байракхийн метта шайн байракхаш дІахІиттийна цара. ЦІергахь дагийна ду тхо долчохь хилла Делан цІа, тхан дайша шена чохь Хьо хестийна а, деза а, исбаьхьа а долу. Оха лерина а, езна а ерриг а меттигаш хІинца йохийна Іохкуш ю. Исраилан халкъан Везачу Дала хІара боху Ярушалаймехь долчу цІенойх а, иштта ЯхІуд-махкарчу паччахьийн цІенойх а лаьцна: гІала схьалацархьама мостагІаша динчу лаьттан гунех а, иштта мостагІчун туьрах а лардеш дохадора и цІенош. Цхьаболчара хашадхошца тІом бийр бу, ткъа мостагІаша гІалин цІенош дузур ду Сайн оьгІазаллица а, дераллица а Айса мел байинчеран декъех, хІунда аьлча бахархоша лелийна вонаш бахьана долуш Аса Сайн юьхь гІаланах къайлаяьккхинера. Шайн дашочу а, даточу а хІуманех дозаллаш а дора цара, ткъа оцу хІуманех шайн дегаза а, ирча а цІуш бора, цундела Аса оцу хІуманех царна дегаза хеташ долу хІума дийр ду. Ас и хІуманаш хІонс санна хийрачу нехан кара дІалур ю, ткъа дуьнен чуьра зуламхоша, деши а, дети а схьа а эцна, иза бехдийр ду. Ас царна букъ берзор бу, ткъа хийрачу наха, Сан цІа чу а бахана, иза сийсаздоккхур ду. Цу чу талорхой а бахана, цара иза бехдийр ду.
Выбор основного перевода