Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Шун гІаланех саьлнаш йийр ю Ас, аш цІушна Іибадат деш долу цІенош а дассор ду, аш деанчу сагІанех хьожа а йоккхур яц. Цо шена деш долу цІа нецан бен санна я хехочун бун санна, до. Хьо тхуна дуьхьалкхетачу меттигехь Хьан мостагІаша гІигІ дора. Тхан байракхийн метта шайн байракхаш дІахІиттийна цара. Боьлакан дитташна диг тІедерзош болчех шаьш тера хилар гойтура цара. Ткъа хІинца, куц а далош, дечиг хьокхуш мел йина хІума шайн дагаршца а, жІаьвнашца а йохийна цара. Хьан деза цІа дерриг а дагийна цара. Хьан цІе шена чохь йолу меттиг сийсазъяьккхина бевлла уьш. Шайн дегнаш чохь: «Уьш-м бохийна дІабохур бара вай», – бохуш, – лаьттара Делан гуламаш дІахІуьтту ерриге а меттигаш ягийна цара. ХІунда яьккхина Ахьа цу кемсийн бешана гонахара керт дІа? ХІинца цигахула тІех мел волучо а цуьнан стоьмаш схьадоху. Ма кхехьа Суна ца оьшу совгІаташ. Суна вон хета аша, хаза хьожа йогІу хІуманаш а ягош, доху сагІанаш. Бутт цІинлун денош а, шоьтан денош а даздар а, дезачу деношкахь шун гулдалар а ца деза Суна. Харцонаш лелийначул тІаьхьа, аша динан гуламашкахь даздар Суна дегаза хета! Аса эр ду шуьга Сайн кемсийн бешана Айса ден дерг: цуьнан коканийн керт дІайоккхур ю Аса, тІаккха беш бежанаша яссор ю. Цуьнан пенаш дохор ду аса, тІаккха иза массара а хьоьшур ю. Цундела Шилун-гІалина динарг Аса хІинца Сан цІе лелош долчу хІокху цІенна а дийр ду, шу оцу цІийнах тешна Іаш доллушехь а, Аса хІара меттиг шун дайшна дІаеллехь а. Амма хашадхойн эскар тІаьхьаделира ЦІадукъ-ЯхІуна. Ерихон-гІалин аренашкахь уьш цунна тІаьхьакхиира. Ткъа паччахьан эскарера берриш а тІемалой цунна уллора дІасабевдира. Паччахь схьа а лаьцна, цара иза Бавелан паччахь волчу схьавалийра Хьамат-махкахь йолчу Рабила-гІала. Цигахь цунна кхел йира. Бавелан паччахьо ЦІадукъ-ЯхІун кІентий цунна хьалха байира, иштта ЯхІуд-махкара элий а хІаллакбира цо Рабила-гІалахь. Ткъа ЦІадукъ-ЯхІун ши бІаьрг а баккхий, цунна цІестан буржалш тоха аьлла, омра дира цо. Цул тІаьхьа Бавелан паччахьо иза, Бавеле дІа а вигна, набахти чу воьллира. Иза ша валлалц цу набахти чохь ваьллира. Цо Везачу Элан цІа а, паччахьан цІа а, Ярушалаймера массо а цІа а цІе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цІенош а дагийра. Паччахьан гІаролхойн хьаькамо коьрта динан да волу Сари-ЯхІу а, шолгІа динан да волу Цапни-ЯхІу а, Везачу Элан цІа чу воьдийла ларъеш волу кхо гІаролхо а йийсаре дІавигира. ГІалахь кхидІа бисинчарах цо дІавигира тІемалойн хьаькам а, паччахьан ворхІ хьехамча а, нах эскаре дІаязбеш волу эскаран коьрта йозанча а, иштта гІалахь шайна схьакарийна волу кхузткъа кхиволу стаг а. Уьш берриш а паччахьан гІаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Бавелан паччахьна тІе Рабила-гІала дІабигира. Хьамат-махкарчу Рабила-гІалахь Бавелан паччахьо, уьш байа аьлла, омра дира. Иштта яхІудхой шайн махках бехира, йийсаре дІа а бигина. qac Гqac*ІайгІанехь ма ду Цийонан некъаш, Царна тІехула ца леларна деза де даздийраш. Ма яссаели хІинца цуьнан ерриг а ков-керташ, Цуьнан динан дай а бу узарш деш лаьтташ. ЙоІарий а ма бу цуьнан йоккхачу гІайгІанехь. Йоккха къахьо ма ю цуьнгахь шегахь а. qac Рqac*еза воцуш, Веза Эла цаьргахьара дІавирзинера. Цо уьш массанхьа а дІасакхиссинера. Наха шайн динан дайн кхин ларам ца бира, шайн къаношка церан къинхетам ца хилира. «qac Хqac*алкъашна юкъахь дехар ду вай цуьнан ІиндагІехь» – оха аьлла верг, тхан дахаран са долу, Везачу Эло къобалвинарг, мостагІийн гуро а лаьцна, ор чу хаийна. Тхан элий а мостагІаша ирхъоьхкина, тхан къаной а хІинца ларам боцуш бу. Аса таІзар дийр ду цунна, БаІал-цІушна хаза хьожа йогІу хІума ягорна а, шен чІагарш а, туьтеш а шена тІе а оьхкина, шен безаргашна иза тІаьхьалеларна а. Ткъа Со вицвинера цо», – боху Везачу Эло. Везачу Эло боху: «Билгалдаьхна долу деза денош даздан ца ларийна халахетачарах лаьцна аьлча, царах хІонс хиллехь а, уьш сийсазбинехь а, Ас уьш юха схьагулбийр бу.
Выбор основного перевода