Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Дуккханнийн а харцлер хеза суна. Массо а агІор къемат тІегІерта, суна дуьхьал барт а бина, сан са даккха дагахь цара ойланаш йича. Эскархойн карахь гоьмукъаш а, секхаІедаш а ду, уьш къиза а, шайца къинхетам боцуш а бу. Уьш говрашкахь богІучу хенахь, карзахбаьллачу хІордах тера бу. ТІамана кийча бу уьш. Церан Іалашо – хьуна тІелатар ю, Цийонан йоІ». ХІора Мисар-махка ваха сацам бинарг, цигахь а я тур, я мацалла, я Іожаллин ун бахьана долуш лийр ву. Царах цхьа а дийна вуьсур вац. Аса царна бан леринчу бохамах цхьа а кІелхьарвер вац“. qac Пqac*Іелг Шен меттахбаккхарца дІатеси Хьалдолчу Эло Суна чохь карийна мел болу сан нуьцкъала тІемалой. ТІаккха суна дуьхьал Цо эскарш дІахІиттий, Цаьрга хІаллакбайтархьама сан къона тІемалой. Мутт доккхучу гІирсо санна, Цо дІахьаьши яхІудхойн йоІ йолу и Ярушалайм-гІала. qac Жqac*ирга а хетта, Шен сагІа доккху кхерч юха а тоттуш, Хьалдолу Эла Шен цІийнах дІавирзи. Цуьнан дерриш а пенаш мостагІийн кара Цо дахийти. Дезачу дийнахь айдеш санна, цара аьзнаш айади. Везачу Элан цІа чохь цара йоккха гІовгІа ма яьккхи. Цара шайн бераш кхиадахь а, Аса уьш цаьргара схьадохур ду. Ма доккха къа хир ду-кх церан Со шайх дІавирзинчу дийнахь! Цкъа Эпрайман халкъ гина Суна, исбаьхьачу меттигехь дІайийна къона хурма санна, ткъа хІинца цо шен бераш арадаха деза, уьш дайъийтархьама.
Выбор основного перевода