Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
ХІунда аьлча Сан оьгІазаллех цІе яьлла, лахарчу эхарте кхаччалц дагадо цо. ЦІаро латта доу лаьтто кхиийначуьнца цхьаьна, чахчош ду лаьмнийн кІажаш. Нагахь ишттачех цхьаъ Шегахьа ца верзахь, Цо, Шен тур а ирдой, Шен Іад а дулий, уьш цунна тІе хьажадо. Іожалла тІейоуьйту Цо, Шен гІирс схьа а оьций, Шен догу пхерчий цунна тІехьажадо. Цо царна тІеюттура Шен оьгІазалла а, тІеман къизалла а. Цуьнан оьгІазалло, цІеро санна, го лецира церан, амма уьш ца кхийтира хиллачух. Цуьнан дералла царна дуьхьал йогуш яра, амма шайн дегнаш тІе ца ийцира цара иза. Цундела Везачу Эло иштта боху: «Сан оьгІазло а, дералла а хІокху меттигна тІе йоьрзур ю, адамашна а, хьайбанашна а тІе, иштта дитташна а, ялтина а тІе. Сан дералла цІе санна йогур ю, ткъа иза дІаяйа стаг а хир вац». Хьан мел хиллачу бартхошна хьо дицделла, цу къаьмнашна бала бац, хьуна хІуъа хилча а. МостагІчо санна, Аса хьуна тоьхна, луьрачо санна, Аса хьуна таІзар дина, хІунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду. qac Гqac*Іакх дина, дІахІоттий Цо со, Шен секхаІад а тІехьажий Цо суна. qac Дqac*ерриг а Шен Іад-ботт чуьра пхерчий сан жаннашна тІетуьйхи Цо. «Ткъа хьох лаьцна аьлча, адаман кІант, Аса церан чІагІо а, хазахетар а, сийлалла а, царна хьежа лууш йолу меттиг а, царна баккъал дезаш дерг а, иштта церан кІентий а, мехкарий а схьабаьхча,
Выбор основного перевода