Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Цийон-лам шен локхаллица хаза бу, дуьненан хазахетар а иза бу. Цуьнан къилбаседехьа агІор сийлахьчу Паччахьан гІала ю. Хазаллехь кхоччуш болчу Цийон-лома тІера Дела Шен нуьраца серлавуьйлу. хІара ду Везачу Эло цунна дуьхьал аьлла дош: ‘Емалъеш, йоьлур ю хьох Цийонан йоІстаг, Ярушалайман йоІа хьуна тІаьхьа цаяшарца куьг тосур ду. Сан халкъан мохк бассийна хир бу, гуттаренна а цунах кхаьрдар бу. Махка тІехула лелаш мел верг, инзар а ваьлла, корта лестош хир ву. Аса йохийна дІайоккхур ю хІара гІала, цунах берриш а кхаьрдар бу. Цунна уллохула тІех мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, кхузахь мел бина бохамаш шена гича. Ярушалайм, Ас хьох къапалг йийр ю. Гонах долчу кхечу къаьмнашна хьалха хьо юьхьІаьржачу хІуттур ю, ткъа хІора хьуна тІехволург хьох кхаьрдар ву. Хьан цІеяхана хилар дерриг а къаьмнашна юкъахь даьржира, хьо хаза йолу дела. Хьо чІогІа хаза яра, Ас Сайн сийлаллица хьо хазйина хилар бахьана долуш“. Иштта боху Хьалдолчу Эло. Иштта хилла дІахІуттур ю йоккхаеш хилла йолу, гІайгІа йоцуш яьхна йолу и гІала. Шен дагахь цо боху: «Со ю, со йоцург цхьа а хІума дац!» Мел яссийна меттиг хир ю иза, цунах акхаройн бен хир бу! Цунна тІех мел волучо: «Жолам-яІ», – олуш, шок а тухур ю, куьйгаш а деттар ду. Юххехула чекхбовлучара, вон баганаш а етташ, кортош а лестош, бохура Цуьнга: «ХІай! Делан цІа доха а дина, кхаа дийнахь дІахІоттош верг!
Выбор основного перевода