Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
«Нагахь Ас бохург а ца деш, дерриг а хІара весеташ аш кхочуш ца дахь, нагахь Сан парзаш дІа а теттина, Ас тІедиллинчух а ца дешаш, Сан весеташ кхочуш а ца деш, Соьца бина барт а талхош, шу лелахь, «Нагахь шайн Везачу Деле аш ла а ца догІахь, ас тахана шайна хьоьхуш долу Цо тІедиллинарг кхочуш а ца дахь, хІокху неІалтех хьалхадевр дац шу: Хьайн бакъ кхел ехьа Ахь суна тІехь, сан Веза Дела! Сох кхарда ма кхардийтахьа уьш. Сан бохамах самукъадаьллачарна Дала эхь а хетийтийла, цаьрга шайн сий а духкийтийла Цо. Суна хьалхā кураллаш йийраш Цо эхьах а бузийтийла, уьш сийсаз а бойла. ТІаккха ас элира: «Суна тІехь толам ма боккхийла сан мостагІаша. Сан ког шершачу хенахь, цара ма йойла суна кураллаш». Цуьнан мостагІашка Ахьа цунна тІехь толам баккхийтина, Ахь цуьнан мостагІийн сакъерадалийтина. Цундела дІаала ЯхІудан халкъе а, Ярушалайман бахархошка а: „Везачу Эло боху, Ша шуна дуьхьал вониг дан а, шуна бохам бан а кечлуш ву. Цундела шаьш мел лелош долу вон хІуманаш а дитий, шаьш лела некъаш нисде“. qac Дqac*ІахІитти-кх коьрте цуьнан массо а мостагІий, Иза цаезнарш тоьллачу хьолехь бу. Везачу Эло цунна и вон тІедаийти, Цуьнан бахьана а цуьнан дукха къинош хилар ду. МостагІашна хьалха, йийсаре а дахана, Доьлхуш, дІаоьхуш цуьнан бераш а ду. qac Аqac*ьшнаш а еш, Хьалдолчу Эло ма кхолий Цийонан йоІ Шен оьгІазаллица! Исраилан халкъан сийлалла стигалара Цо лаьтта тІе охьатеси. Ша оьгІазваханчу цу дийнахь Шен когийн кІело Цунна дага ма ца еа. qac Бqac*ерриге а Якъубан мохк Хьалдолчу Эло хІаллакби. Къа ца хеташ, къизаллица Цо и бохийна дІабаьккхи. Ша дарвеллачохь Цо йохийна дІаяьккхи ЯхІуд-мехкан ерриге а чІагІйина йолу меттигаш. Пачхьалкх а, цуьнан элий а Цо лаьтта охьа ма теси, сийсаз а баьхна, уьш берриш а Цо охьа а ма бехки.
Выбор основного перевода