Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Хьала а гІаьттина, Дауд-паччахьо элира: «ЛадогІалаш соьга, сан вежарий а, сан халкъ а! Суна даггара лиира Везачу Элаца бина барт дагабоуьйтуш долу тІорказ лардан меттиг кечъян. Суна лиира вайн Везачу Далла когийн кІело хир йолу хІара меттиг дІанисъян. Аса Делан цІа дІахІотто кечам бина. Вазвейша вайн Веза Дела, Цуьнан когийн кІелонна хьалха Іибадат дейша, Дела веза ма ву! Цуьнан хІусаме а дахана, Цуьнан когийн кІелонна хьалха суждане гІур ду вай. qac Дqac*ІахІитти-кх коьрте цуьнан массо а мостагІий, Иза цаезнарш тоьллачу хьолехь бу. Везачу Эло цунна и вон тІедаийти, Цуьнан бахьана а цуьнан дукха къинош хилар ду. МостагІашна хьалха, йийсаре а дахана, Доьлхуш, дІаоьхуш цуьнан бераш а ду. qac Цqac*арна ас узарш деш хезна, Вац-кха сан догъэца цхьа а. ДІахезна сан мостагІашна Со къизачу баланехь хилар. Айхьа аьлла де тІедаийтахьа, Уьш а Ахь сох дІатарбехьа. Цундела тхан дегнаш а ду доьлхуш. Цундела тхан бІаьргаш а ду гІелделла.
Выбор основного перевода