Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Везачу Эло боху: «ЧІоггІа мохь хьакха, сеца ма сеца. Хьайн аз айде, коьман маІах тардеш. Сан халкъана цуьнан зуламаш а, Якъубан тІаьхьенна цуьнан къинош а дІахаийта. Динан дайша а ца хоттура: „Мичахь ву Веза Эла?“ – аьлла, ткъа Іелам нах а Со вовза лууш бацара. Исраилан баьччанаш Суна дуьхьал бевллера, ткъа пайхамарша БаІалан цІарах хаамаш бора, хІумма а йоцучу цІушна суждане оьхура. пайхамарша харцхаамаш бо, динан дайша шайна лууш долчуьнца куьйгалла до, ткъа Сан къомана и тайпа долу хІума деза. Амма хІун дийр ду те аша, чаккхе тІекхаьчча?» «ХІокху халкъо, я пайхамаро, я динан дас „Везачу Элан хааман мохь хІун бу?“ аьлла, хаттар дахь, ахьа, Ярми-ЯхІу, цаьрга ала деза: „Шу Везачу Элан хала мохь бу, иза Цо охьа а тосур бу“, – боху Везачу Эло. – Нагахь санна пайхамаро, я динан дас, я халкъо „Везачу Элера мохь бу“ алахь, аса цу стагана а, цуьнан цІенна а таІзар дийр ду. Ткъа „Везачу Элера мохь“ боху дешнаш цкъа а шайгара ма хазийта, хІунда аьлча и мохь Везачу Элера бу шаьш алахь а, иза стага ша кхоьллина дешнаш бен дац. Иштта, „Везачу Элера мохь“ боху дешнаш а далош, дийна волу Дела а, массо а ницкъийн Веза Эла а, вайн Дела а Волчун дешнаш харцахьа туьду аша. Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шайн юкъахь болчу пайхамаршка а, пал туьйсучаьрга а шаьш ле ма дайта. Шайн омрица гІенаш гушболчеран гІенех а ма теша. Цара Сан цІарах харцкхайкхамаш бо. Уьш Ас баийтина бац“, – боху Везачу Эло. Мехкан пайхамарш зуламечу ойланашца вовшахтийсало, шен ижу а цоьстуш, гІигІ деш долу лом санна. Цара дуккха а нах хІаллак а бо, цаьргара хьал а, жовхІарш а схьа а доху, уьш бахьана долуш бисина Іаш болу зударий махкахь алсамбуьйлуш бу. Мехкан пайхамарш вочу пена тІехь кир тухуш санна лела, хІунда аьлча царна эрна суьрташ а го, цара харцболу пал а туьйсу. Цара боху: „Иштта олу Хьалдолчу Эло“, Веза Эла волчу Аса шайга хІумма а ца дийцинехь а.
Выбор основного перевода