Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Цуьнан пхерчий массо а маьІІера схьадетталуш ду, Цо сан жаннех къа ца хеташ Іуьтту, сан стим а лаьтта тІе охьаІанийна. ГІайгІанехь хиларна сан бІаьргаш гІелделла. МостагІий бахьанехь уьш телхина догІу. Со, хи санна, Іана вахана. Ерриг а даьІахкаш вовшахъевлла сан. Дог, балоз санна а хилла, кхерамна кийрахь дешна дІадаьлла сан. ГІелбелла хьан кІентий хІора ураман гола тухучохь Іохкуш бу. РечІано лаьцна сай санна бу уьш. Уьш Везачу Элан оьгІазаллах а, хьан Делан къематах а буьзна бу. Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло хІинца а боху: „Шаьш Іожалле далош долу доккха вониг хІунда леладо аша? Аша дийриг бахьана долуш ЯхІудан къомера божарий а, зударий а, даккхий а, кегий а бераш а хІаллакдо, шайн къоман тІаьхье а ца юьтуш. qac Рqac*еза йоцуш йоьлху со, бІаьргаш бІаьрхих дуьзна сан. Вац со денъян цхьа а, тейийриг а вац-кха сан. Бераш ду сан дог доьхна, МостагІа шайл тоьлла дела». qac Хqac*ьажахьа соьга, Веза Эла, дог доьхна со хиларна, Суна чохь мел йолу хІума егаеш дІахІоьтти. Дог а меттахдаьлла сан, Хьуна ас дуьхьало ярна. Арахьара деанчу туьро сайн берех со яьккхи. ЦІера хьал, ялар санна, ма ду сан хІинца. qac Рqac*оггІана хин Іовраш йоуьйту сан бІаьргаша, сан халкъ хІаллакьхилар бахьана долуш. qac Гqac*о хІинца декхаш долчу берийн меттанаш хьогаллина багара стигалх летта хилар. Кегийчу бераша а бепиг доьху, амма цхьаммо а ца ло царна иза.
Выбор основного перевода