Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
хІара ду Везачу Эло цунна дуьхьал аьлла дош: ‘Емалъеш, йоьлур ю хьох Цийонан йоІстаг, Ярушалайман йоІа хьуна тІаьхьа цаяшарца куьг тосур ду. ГалІадехь хьакхар-молха дац те? Цигахь лоьраш бац те? Сан хьоме къам хІунда ца тоделла те цаьрга? ХІара Сан дош цаьрга дІакхачаде: „Дийнахь а, буьйсанна а, ца соцуш, Сан бІаьргаш хих бузийла, хІунда аьлча Сан хьомечу къомана чов йина Сан йоІстаг йолчунна боккха бохам баьлла. ХІунда бу те хІара лазам хедар боцу, хІунда ца йоьрзу те сан чов дІа? Веза Эла, Хьо соьца Іехош долу татол санна хир ву? Хьо соьца цатешаме йолу Іовраш санна хир ву? Иштта боху Везачу Эло Шен халкъе: «Хьан чевнна дан дарба дац, хьан йоьхна меттиг меттахІотталур яц. Кхелехь къасто дезачу хьан гІуллакхна гІайгІа бан цхьа а вац, хьан цамгар дІаерзо иштта цхьа а вац. Хьуна дан дарба а дац. Хьан мел хиллачу бартхошна хьо дицделла, цу къаьмнашна бала бац, хьуна хІуъа хилча а. МостагІчо санна, Аса хьуна тоьхна, луьрачо санна, Аса хьуна таІзар дина, хІунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду. Хьайн чевнашна хІунда бо ахь латкъамаш, хьайн лазарна дан дарба доццушехь а? Веза Эла волчу Аса дина ду иза, хІунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду. qac Мqac*ассо а новкъахула тІехдовлурш, шуна иза хІумма а дац! БІаьрг тохий, схьахьовсийша, юй те иштта цамгарш? Дуй те иштта лазар, суна кхеттарг санна? Буй те иштта бала, суна белларг санна? Везачу Эло Ша кхачийтира иза суна Ша оьгІазваханчу цу халчу дийнахь. Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Со хьуна дуьхьалваьлла ву, Цора-гІала. Ас хьуна дуьхьалдоккхур ду дуккха а халкъаш. Уьш хьуна тІегІуртур ду, хІордан йистана тулгІенаш тІе-ма-гІорттара.
Выбор основного перевода