Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Шен бедарш а этІийна, Везачу Элан тІорказна хьалха бертал а воьжна, сарралц Іиллира ЮшаІ. Цо а, исраилхойн къаноша а шайн кортош тІе чан юхкура, шаьш баланехь хилар гойтуш. Геннара Аюб гина болчу царна иза ца вевзира. ЧІогІа мохь а бетташ, билхира уьш. Шайна тІера бедарш а этІош, коьрта тІехула ченаш стигала хьалакхуьссура цара. ВорхІ дийнахь а, ворхІ буса а Іийра уьш, лаьтта охьа а хевшина, цунна уллохь. Цара вовшашка цхьа а дош ца олура, хІунда аьлча царна гора Аюбехь болу бала боккха хилар. Муабин урамашкахь нах сингаттаман духар дуьйхина бу. Тхевнаш тІехь а, майданашкахь а дерриг а адам доьлхуш а, бІаьрхих дуьзна а ду. qac Гqac*ІайгІанехь ма ду Цийонан некъаш, Царна тІехула ца леларна деза де даздийраш. Ма яссаели хІинца цуьнан ерриг а ков-керташ, Цуьнан динан дай а бу узарш деш лаьтташ. ЙоІарий а ма бу цуьнан йоккхачу гІайгІанехь. Йоккха къахьо ма ю цуьнгахь шегахь а. qac Хqac*олчу хІоьттинчу хенахь сайн накъосташка кхайкхира со. Амма цара, ле а йина, Іехийра со. Сан динан дай, сан къаной, шайн са кІелхьардаккхархьама, шайна напха а лоьхуш, лечу хьола тІе бевлла. Цара шайна тІе сингаттаман духар духур ду, церан массеран а дагахь кхерам хир бу, хІораннан а юьхь тІехь юьхьІаьржачу хІоттар а хир ду, цара массара а шайн кортош дошур ду. Цара хьуна тІаьхьа белхар дийр ду, шайн кортош тІе ченаш а тийсина, чимашкахь а керчаш. Цара, шайн кортош а даьшна, шайна тІе сингаттаман духар а дуьйхина, дог доьхна, хьуна белхар дийр ду къаьхьачу бІаьрхишца. Цу дийнахь паччахьан цІа чуьра эшарш белхаре йоьрзур ю, – боху Хьалдолчу Эло. – Дукха декъий хир ду. Уьш тийналлехь миччахьа а дІакхуьссур ду».
Выбор основного перевода