Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Шайн Везачу Дала белла болу, шайх схьабевлла кІентий а, йоІарий а буур бу аша, мостагІаша го а лаьцна, шаьш холчохь дисича. Цундела Веза Эла волчу Аса Сайн цІарах хаамаш беш болчу цу харцпайхамарех лаьцна боху: уьш Аса баийтина бац. Цара Соьгара долуш санна боху, хІокху лаьтта тІе, герз карахь а долуш, мостагІий богІур бац, иштта кхузахь мацалла а хІуттур яц. Ткъа и пайхамарш тур а, мацалла а бахьана долуш лийр бу. МостагІийн ардангаша, нах байа а гІерташ, го бийр бу гІалина. ГІалахь мацалла а хІоьттина, нах чІогІа дог доьхна хир бу. Аса цаьрга вовшийн декъий доуьйтур ду. Наха ур-атталла шайн кІентий а, йоІарий а буур бу“. qac Нqac*ийсо лелочеран цІий Іанош болчу цуьнан пайхамарша мел летийна къинош, цуьнан динан дайша лелош йолу харцонаш бахьана долуш и дерриг а хилира. qac Рqac*еза воцуш, Веза Эла цаьргахьара дІавирзинера. Цо уьш массанхьа а дІасакхиссинера. Наха шайн динан дайн кхин ларам ца бира, шайн къаношка церан къинхетам ца хилира.
Выбор основного перевода