Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Цо Везачу Элан цІа а, паччахьан цІа а, Ярушалаймера массо а цІа а цІе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цІенош дагийра. Амма цара, дуьхьал а бевлла, халахетар дира Цуьнан Дезачу Синна. Цундела Цунах церан мостагІа хилира: Иза Ша цаьрца тІом беш дара. Сан хьоме къам! ТІеюха хьайна сингаттаман бедарш, тІетаса хьайна чимаш. Хьайн цхьаъ бен воцучу кІентан докъана ма-елххара, доггах елха. ЦІеххьана хІаллакдийриг вайна тІелетар ву». Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «ЛадогІа, тийжаран зударий схьакхайкха, царах уггар говзанаш схьакхайкха, уьш кхуза схьабахкийтархьама». Наха элира: «Сихха схьа а баьхкина, цаьрга вайна тІаьхьа тийжар хІоттадайта, вайн бІаьргийн негІарийн чоьш тІера бІаьрхиш охьаэхийта, юьхь тІера хин тачанаш охьаэхийта». Цийонна тІехь тийжам хеза: «Вай баккъалла а хІаллакьхилла, вай баккъалла а юьхьІаьржачу хІиттина. Вайн мохк бита безаш ду вай, вайн цІенош дохийна дІадаьхна». ЛадогІа, зударий, Везачу Элан даше. Цуьнан багара схьадевлла долу хІара дешнаш шуна дІахозийла: «Шайн зудабераш маьхьаршца делха Іамаде. ХІара тезетан тийжам вовшашна Іамабе: Хьан мел хиллачу бартхошна хьо дицделла, цу къаьмнашна бала бац, хьуна хІуъа хилча а. МостагІчо санна, Аса хьуна тоьхна, луьрачо санна, Аса хьуна таІзар дина, хІунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду. qac Бqac*ерриге а Якъубан мохк Хьалдолчу Эло хІаллакби. Къа ца хеташ, къизаллица Цо и бохийна дІабаьккхи. Ша дарвеллачохь Цо йохийна дІаяьккхи ЯхІуд-мехкан ерриге а чІагІйина йолу меттигаш. Пачхьалкх а, цуьнан элий а Цо лаьтта охьа ма теси, сийсаз а баьхна, уьш берриш а Цо охьа а ма бехки. qac Гqac*онахарчу мостагІчо санна, секхаІад Цо тІехьажий. Куьг тІе а кховдийна, мостагІчо санна, бІаьргана мел безнарш хІаллакби. ЦІе санна йолу Шен дералла Цийонан йоІан четар чу Цо охьаІаний!
Выбор основного перевода