Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Везачу Эло хашадхойн паччахь яхІудхошна дуьхьал ваьккхира. Ткъа цу паччахьо церан Везачу Элан цІа чохь церан кегийнаш туьраца байира. Иштта я кегийнаш, я йоІарий, я воккханиг, я къоьжаниг ца вуьтуш – уьш берриш а дІабелира Дала Набухди-Нецар-паччахьан кара. Цо туьран кара дІаделира шен къам, Шен долахь болчарна Иза оьгІазвахара. ЦІеро церан къона божарий дІакхоллура, зудаберашна маре дигаран эшарш а ца лоькхура. Амма со Везачу Элера йолчу оьгІазлонах вуьзна ву, и оьгІазло соьга сайна чохь ца сецало». ТІаккха Везачу Эло элира: «И Сан оьгІазло арахь ловзуш долчу берашна а, кегийчу нахана а тІе хьажае. Майрачунна а, зудчунна а тІе дІаІанор ю, иштта хан яьлла волчу воккхачу стагана а тІе. Кхабанаш санна, вовшахтухур бу Аса уьш – кІентий шайн дайшца цхьаьна, – боху Везачу Эло. – Сайн къинхетамалле а, я къахетаре а, я кхооре а уьш хІаллак ца беш, Со сацавойтур вац Аса’“». qac Оqac*ццул дуьхьал а девлла, Хьох дІакъаьстира тхо. Ахьа, Веза Эла, тхуна геч а ца дира. ХІокху лаьттан бахархойх Суна кхин къахетар дац, – боху Везачу Эло. – Царах хІорра а Ас-Айса церан уллорачун а, церан паччахьан а кара дІалур ву, ткъа уьш карахь болчара церан мохк хІаллакбийр бу. Ас церан карара бохур бац уьш».
Выбор основного перевода