Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5
Параллельные места
Массо а исраилхой МицІпа-гІалахь схьагулбелира. Хи, схьа а оьцуш, Везачу Элана хьалха охьадуттура цара. Массо а цу дийнахь марха кхобуш вара. Цара бохура: «Везачу Элана хьалха оха къинош латийна». Шамъал МицІпа-гІалахь царна юкъахь кхел еш вара. Сан са дІадолуш доллу, баланийн денош тІекхаьчна суна. Дийнаххьий, буьйсанний сайн бІаьрхих кхача хилира суна, «Мичахь ву ткъа хьан Дела?» – бохуш, дийнахь сарралц мостагІаша соьга хоьтту. Халкъ! Муьлххачу хенахь а Цунах тешна хила. Шайн дегнаш Цунна хьалха делхаде. Дела ву вайна дІалачкъа меттиг. qac Хqac*qac ьqac*оьга гІо доьхуш сахиллалц Іа со, Хьан дашах дегайовхо а ю сан. qac Хqac*qac ьqac*ан чІагІонех лаьцна ойланаш ярхьама, аса буса сахиллалц бІаьргаш дІа ца къовлу. Сан са буьйсанна Хьо волчу гІерта, ткъа Іуьйранна даго сан кийрахь Хьо лоьху. Хьан кхел лаьтта тІехь кхочушхилча, дуьнен тІехь бехачарна нийсо Іема. ГІелбелла хьан кІентий хІора ураман гола тухучохь Іохкуш бу. РечІано лаьцна сай санна бу уьш. Уьш Везачу Элан оьгІазаллах а, хьан Делан къематах а буьзна бу. Цундела суна лаьа муьлххачу меттехь а доІанаш божарша дойла. Хьалаайинчу куьйгашца доІа деш болу уьш цІена а, Далла тешаме а оьгІазе а боцуш, къийсамаш ца беш а хила беза.
Выбор основного перевода