Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Хьажал хІинца, веккъа Со Дела хилар, Со воцург кхин цхьа а Дела ца хилар. Ас долуьйту, Ас дендо, Ас чов йо, Ас тобо, Сан куьйгах цхьаьнгге а кІелхьардахалур дац. Ахь олура, хьо гуттара а зуда-паччахь хир ю. Амма и хилларш хьайн даг тІе ца эцна ахь, паччахьаллин чаккхенан ахь ойла ца йина. Нагахь аша Везачу Эле ла ца догІахь, со къайла а ваьлла, воьлхур ву, шун куралла бахьана долуш. Сан белхар къаьхьа хир ду, Сан бІаьргаш хих буьзна хир бу, Везачу Элан жа йийсаре дІадигна хиларна. Везачу Эло соьга элира: «ДІаала паччахье а, паччахьан нене а, шайн паччахьан гІанташна тІера охьабисса, хІунда аьлча церан кортошна тІера сийлаллин таьжнаш охьаэгна. Беллачарна боьлхуш болчу нахана цхьаммо а яа хІума а яхьар яц, церан догъэцархьама. Цхьаммо а кад кховдор бац цаьрга, шайн да я нана яларна церан догъэцархьама. qac Бqac*уьйсанна иза йоьлху къаьхьачу белхарца. БІаьрхиш а ма ду цуьнан беснеш тІехула охьаоьхуш. Вац-кх цхьа а иза тейийриг и езначу массарна а юкъахь. Цуьнан берриг доттагІий а ямарта хили цунна. МостагІий а хилла, дІахІитти-кх уьш цунна. qac Дqac*ІахІитти-кх коьрте цуьнан массо а мостагІий, Иза цаезнарш тоьллачу хьолехь бу. Везачу Эло цунна и вон тІедаийти, Цуьнан бахьана а цуьнан дукха къинош хилар ду. МостагІашна хьалха, йийсаре а дахана, Доьлхуш, дІаоьхуш цуьнан бераш а ду. Хьан боьха леларца хьо дукха бехбелла, цундела Ас хьо мел цІанбарх а, цІан а ца ло хьо. ХІинца чул тІаьхьа а хьайн бехбаларх хьо цІанлур бац, Ас хьайна тІехь Сайн дералла Іабаяллалц. Цо элира: «Маржа-яІ! ХІокху дийнахь мукъана а хьайна чохь бартехьа болу некъ хилийта хІун оьшу хьуна хиъча!.. Амма тахана лачкъийна ду-кх и хьан бІаьргех.
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода