Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Шун кІентий а, йоІарий а кхечу халкъана дІалур бу. Царна сагатдеш, де дийне мел дели, бІаьрса худалур ду шун, дуьхьало ян а ницкъ хир бац шун. КІентий а, йоІарий а хир бу шун, амма уьш шуна буьсур бац, хІунда аьлча йийсаре буьгур бу уьш. Аша шайн Веза Дела лара веза, Цунна гІуллакх деш, Цуьнан дош лоруш а хила деза шу. Шу а, шун паччахь а Цунна муьтІахь хилахь, шун дахар дика хир ду. Хьуна хьалха, Хьуна цхьанна хьалха къа латийна ас, Хьан бІаьргашна хьалха хьарамниг дина, цундела со бехке варехь Хьо нийса а ву, кхел ярехь цІена а ву. Веза Эла, аса гІуллакхна Хьан кхеле кхайкхахь, Хьо массо а хенахь бакъ ву. Делахь а, харцонах лаьцна хатта лаьа суна: Іесачеран аьтто хІунда боккху церан некъашкахь? Дерриг а тешаме боцу лелачеран синтем хІунда хуьлу? qac Мqac*ассо а новкъахула тІехдовлурш, шуна иза хІумма а дац! БІаьрг тохий, схьахьовсийша, юй те иштта цамгарш? Дуй те иштта лазар, суна кхеттарг санна? Буй те иштта бала, суна белларг санна? Везачу Эло Ша кхачийтира иза суна Ша оьгІазваханчу цу халчу дийнахь. Хьалдолу Эла, Ахьа нийсо ма лелайо. Ткъа тхо, яхІудхой а, Ярушалайм-гІалин бахархой а, массанхьа а бехаш болу исраилхой а юьхьІаьржачу хІиттина. Тешаме а ца хилла, Хьайх дІадерзаре терра, Ахьа дІасалаьхкина тхо юххерчу а, генарчу а мехкашка.
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода