Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Уьш туьро арахьа хІаллакбийр бу, ткъа цІа чохь – кхерамо: къонах а, йоІстаг а, декхаш долу бер а, къежвелла къано а. Сан кийрара цІе дІа ца йолу, баланийн денош ду суна тІедаьхкина. qac Тqac*Іех алсамъевлла сан деган гІайгІанаш, сан баланех со хьалхаваккхахьа. Цундела мерзаша роггІана дагадо пІелгаш санна, багабо сан кийра, Муабих къахеташ. Кхир-Хьарасах дог а лозу сан. «Сан кийра! Богуш бу сан кийра! Дог лазадоккхуш боккха бала бу соьгахь. Вист ца хуьлуш ца Іало со, хІунда аьлча суна коьман маІа хезна, тІеман маьхьарий суна ма хезна. qac Иqac* боьха томмагІа юх тІехь дара цуьнан. Ца йора цо ойла шех хиндолчун. Цуьнан йожарх нах инзарбевллера. Вац-кха цуьнан догъэца хІинца цхьа а. «Схьахьажахьа, Веза Эла, сан гІайгІа-балане, ХІунда аьлча сан мостагІа вазвелла дІахІоьтти!» qac Лqac*оьхуш напха шена, доккха са а дохуш, Дерриг а хьан халкъ шен синехьа даьлла, Шен мехала мел йолу хІума цо юучух дІало, ша гІелделла доллушехь, дийна дисархьама. «Хьажахьа хьо, Веза Эла, – оцу халкъо боху – юьхьІаьржачу хІоьттина долу сан хьал хІинца муха ду. qac Лqac*едарадевлла-кх сан бІаьргаш, бІаьргех хиш охьадарна. Кийрахь мел дерг дегадо сан, дог карзахдаларна. Сайн синах а ваьлла со, дукха тийжаш хиларна. И дерриг а хилла суна, сан халкъ дохийна лелорна, Кегий бераш а, дакхош дерш а, мацалло эгийна, ГІалин урамашкахь Іохкуш хиларна. qac Иqac*штта, тур тоьхна байинарш ирсе бу мацалло байиначарал. ХІорш меллаша леш ма бу, ялтин кхачам ца хиларна. «Карахь тарраш долу мостагІий гІалина арахь бу, ткъа Іожаллин ун а, мацалла а гІалина чохь ю. Аренашкахь берш туьро бойур бу, гІалина чоьхьа берш мацалло а, Іожаллин уьно а хІаллакбийр бу. Суна хезира – сан чуьйраш хьовзийра. Цунах лаьцна кхаъ хезча, сан балдаш дегийра, сан даьІахкех лазар кхийтира, сан когийн кІелара латта дегадо. Амма со собарца хьоьжур ву, тхуна тІелеттачу халкъана тІе догІучу бохаман дийне. Лаьтта тІе буссур болчу баланех кхоьруш, са лоьцуш хир бу нах, стигалшкахь мел дерг меттахдер йолу дела.
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода