Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Къинхетам бейша! Къинхетам бейша сох, сан доттагІий, сох хьакхаделларг Делан куьг ду! ХІунда яьккхина Ахьа цу кемсийн бешана гонахара керт дІа? ХІинца цигахула тІех мел волучо а цуьнан стоьмаш схьадоху. Шайна тІе сингаттаман духар доха, мохь бетташ, тийжарца делха, хІунда аьлча Везачу Элан дералла ЯхІудан халкъана тІера дІа ца йирзина». Сан халкъан мохк бассийна хир бу, гуттаренна а цунах кхаьрдар бу. Махка тІехула лелаш мел верг, инзар а ваьлла, корта лестош хир ву. Везачу Элан дералла, дарц санна, царна тІейогІуш ю, иза Іесачеран коьрта тІе, йилбазмох санна, южур ю. Везачу Элан оьгІазалла дІаер яц, Цо дан мел леринарг чекхдаккхалц. ТІедогІуш долчу деношкахь шу цунах кхетар ду. Хьо Исраилан къомах доьлуш дара, Муабин къам? Иза къола деш лаьцна дара, цуьнан цІе йоккхушехь, дела а доьлуш, корта лесттол? qac Аqac*ьшнаш а еш, Хьалдолчу Эло ма кхолий Цийонан йоІ Шен оьгІазаллица! Исраилан халкъан сийлалла стигалара Цо лаьтта тІе охьатеси. Ша оьгІазваханчу цу дийнахь Шен когийн кІело Цунна дага ма ца еа. qac Бqac*ерриге а Якъубан мохк Хьалдолчу Эло хІаллакби. Къа ца хеташ, къизаллица Цо и бохийна дІабаьккхи. Ша дарвеллачохь Цо йохийна дІаяьккхи ЯхІуд-мехкан ерриге а чІагІйина йолу меттигаш. Пачхьалкх а, цуьнан элий а Цо лаьтта охьа ма теси, сийсаз а баьхна, уьш берриш а Цо охьа а ма бехки. qac Вqac*уно чІогІа дар а велла, Ша оьгІазвахча, Исраилан берриг а ницкъ Цо хІаллакбина дІабаьккхи. МостагІий царна хьалха дІахІиттича, Шен аьтту куьг царна тІера Цо юхадерзий. Цо иза дича, йогуш йолчу цІеро санна, вайн махкара гонах мел дерг Цо дІа ма кхаьлли. qac Гqac*онахарчу мостагІчо санна, секхаІад Цо тІехьажий. Куьг тІе а кховдийна, мостагІчо санна, бІаьргана мел безнарш хІаллакби. ЦІе санна йолу Шен дералла Цийонан йоІан четар чу Цо охьаІаний! qac Дqac*ІахІоьтти-кх Хьалдолу Эла мостагІа хилла, Исраилан мохк берриг а Цо хІаллак ма би. Цуьнан паччахьан гІишлош йохийна дІа ма ехи. Цуьнан ерриг а чІагІонаш дакъазаяьхна йити. ЯхІудан йоІ йолчохь долу латкъаммий, белхаррий хІинца чІогІа алсам Цо ма даьккхи. qac Еqac*рриге а Шен гІишло, бешахь лаьтта цІа санна йолу, Цо тІепаза дІаяьккхи. Шен гуламан меттиг а Цо хІаллакйина дІаяьккхи. Цийон-ломахь даздеш хилла деза денош дицдайти. Шена лерина шоьтан денош Везачу Эло дитийти. ЧІогІа Ша оьгІазваханчохь Цо паччахьаш дІатеси. Ша чІогІа дарвеллачохь динан дайх Иза дІавирзи. qac Жqac*ирга а хетта, Шен сагІа доккху кхерч юха а тоттуш, Хьалдолу Эла Шен цІийнах дІавирзи. Цуьнан дерриш а пенаш мостагІийн кара Цо дахийти. Дезачу дийнахь айдеш санна, цара аьзнаш айади. Везачу Элан цІа чохь цара йоккха гІовгІа ма яьккхи. qac Зqac*Іенашца санна, гІалина гонах сиз а хьокхуш, билгалдаьккхира Везачу Эло цуьнан пенаш дохо. Цийонан йоІан пен божорхьама Шен куьг юха ца даьккхира Цо. Арахула йолу чІагІонаш, пенашца цхьаьна хІаллак а йина, елхийтира Цо. qac Іqac*аьржа баланаш массо а агІор Ахь суна тІебалийра. Дезачу денна кхойкхуш санна, Ахь уьш суна тІебалийра. Везачу Эло оьгІазалла ша йинчу ва дийнахь Цхьа а дийна ца висира, цхьа а кІелхьара ца велира. Ас лелийна мел берш, кхиийна мел берш мостагІчо хІаллакбина дІабехира. ТІаккха Дала кхочушдира тхоьга а, тхан мехкан куьйгалхошка а аьлла долу дешнаш. Цо тхуна тІе вуно боккха бохам баийтира. Ярушалайм-гІалина тІехь хилларг цкъа а стигал кІел хилла а дац. ХІунда аьлча дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна, хІара хан тІекхаччалц, цхьанна а гина а боцу, я кхин цул тІаьхьа гун а боцу боккха баланаш гур бу нахана.
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода