Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
«Аса тІулгийн оьла йина дІахІоттор ю Ярушалайм, ткъа цунах чангІалкхийн бен хир бу, – боху Везачу Эло. – ЯхІуд-махкара гІаланаш Ас йохийна яссор ю, цу чохь вехаш цхьа стаг а хир вац». ЛадогІа хІокху схьайогІучу гІовгІане! Мохк бегош санна йолу гІовгІа къилбаседерчу махкара схьакхочу! Цуьнан эскаро ЯхІудан гІаланех яьсса аре йийр ю, царах чангІалкхийн баннаш хир ду. «ЯхІуд-мохк боьлхуш бу, цуьнан гІаланаш маргІалъюлу. Церан нах, тийжаш, Іохкуш бу, Ярушалаймера орца ду доккхуш. qac Еqac*рриге а Шен гІишло, бешахь лаьтта цІа санна йолу, Цо тІепаза дІаяьккхи. Шен гуламан меттиг а Цо хІаллакйина дІаяьккхи. Цийон-ломахь даздеш хилла деза денош дицдайти. Шена лерина шоьтан денош Везачу Эло дитийти. ЧІогІа Ша оьгІазваханчохь Цо паччахьаш дІатеси. Ша чІогІа дарвеллачохь динан дайх Иза дІавирзи. Аса таІзар дийр ду цунна, БаІал-цІушна хаза хьожа йогІу хІума ягорна а, шен чІагарш а, туьтеш а шена тІе а оьхкина, шен безаргашна иза тІаьхьалеларна а. Ткъа Со вицвинера цо», – боху Везачу Эло. Сингаттаман духар тІе а дуьйхина, шен къоначу заманчохь дош деллачунна йоьлху йоІстаг санна, делхийша! ДІасецна Везачу Элан цІа чохь кІен а, чагІаран а сагІа даккхар. Тийжаш бу Везачу Элана гІуллакх деш болу динан дай. Дассийна кхаш, доьлху латта, ялта хІаллакдина, кемсийн мутт дІалекъна, зайт-дитт а маргІалдоьлла. Эхьах дузийша, латталелорхой, делхийша, кемсашлелорхой, гІайгІане хилийша кІена а, мекхана а, хІунда аьлча хІаллакьхилла кхаш тІехь ялта. Якъаелла кемсийн таьлланг, инжиран дитт а маргІалдоьлла. Наран дитт а, хурмин дитт а, Іожан дитт а – дерриге а дитташ дакъаделла аренгахь. Цундела массо а адамийн сакъерадалар а дІадаьлла. Сингаттаман духар а духий, юкъ а ехкий, делха, динан дай! Тийжа, сагІа доккхучу кхерча тІехь гІуллакх дийраш! Схьадуьйла, сингаттаман духарш а духий, буьйсанаш яха, сан Далла гІуллакх дийраш! ХІунда аьлча шун Делан цІа чохь лелош дац кІен а, чагІаран а сагІа даккхар.
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода