Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Везачу Эло халкъе эр ду: „Мичахь бу деланаш, царах тешна шу Іийна йолу тарх, аша сагІина деанчух мохь йиина болу, сагІина деанчух чагІар мийлина болу? Шайна гІо дайта хьалагІовттийта уьш, хилийта царах шайна тхов кІело! Даха а гІой, шаьш хаьржинчу деланашка гІо деха. Цаьрга дахийта шаьш хьоьгучу баланах кІелхьара». ХІунда лела хьо хьайн некъаш хуьйцуш? Мисар-махкаца барт а беш, хьо юьхьІаьржачу хІуттур ду, Ашур-махко ма-хІоттора. ЮьхьІаьржачу а хІоттийна, Мисар-махкара а хьо дІагІур ду. Хьо тешна Іаш берш Веза Эла волчу Аса дІа-ма-теттина. Цаьрца хьан аьтто хир бац». Хьолахоша шайн ялхой хи дан бохуьйту. Уьш гІунаш тІе бахча, царна хи ца карадо. Яьссачу кхабанашца уьш юхабоьрзу. Дог а доьхна, юьхьІаьржачу а хІиттина, цара шайн кортош къайладоху. Цундела Веза Эла волчу Аса Сайн цІарах хаамаш беш болчу цу харцпайхамарех лаьцна боху: уьш Аса баийтина бац. Цара Соьгара долуш санна боху, хІокху лаьтта тІе, герз карахь а долуш, мостагІий богІур бац, иштта кхузахь мацалла а хІуттур яц. Ткъа и пайхамарш тур а, мацалла а бахьана долуш лийр бу. Хьан мел хиллачу бартхошна хьо дицделла, цу къаьмнашна бала бац, хьуна хІуъа хилча а. МостагІчо санна, Аса хьуна тоьхна, луьрачо санна, Аса хьуна таІзар дина, хІунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду. qac Бqac*уьйсанна иза йоьлху къаьхьачу белхарца. БІаьрхиш а ма ду цуьнан беснеш тІехула охьаоьхуш. Вац-кх цхьа а иза тейийриг и езначу массарна а юкъахь. Цуьнан берриг доттагІий а ямарта хили цунна. МостагІий а хилла, дІахІитти-кх уьш цунна. qac Лqac*оьхуш напха шена, доккха са а дохуш, Дерриг а хьан халкъ шен синехьа даьлла, Шен мехала мел йолу хІума цо юучух дІало, ша гІелделла доллушехь, дийна дисархьама. «Хьажахьа хьо, Веза Эла, – оцу халкъо боху – юьхьІаьржачу хІоьттина долу сан хьал хІинца муха ду. qac Кqac*ъаной ма бу бист ца хуьлуш хевшина, Цийонан йоІан къаной лаьтта тІе охьахевшина. Цара шайн кортошна тІе ченаш а ма тийсина. Сингаттаман бедарш цара догІмаш тІе а юьйхина. Ярушалайман йоІарша а, гІайгІанехь дІа а хІиттина, халахетарца кортош шайн охьадахийтина. qac Мqac*арахь долуш шайн наношка цу бераша ма олу: «Мичахь ду те бепиг, чагІар?» ТІаккха, чевнаш хилларш санна, гІалин урамашкахь охьа а оьгий, кийрара шайн синош дІа а хоьций, шайн нанойн карахь дІадовлу уьш. qac Уqac*замаш беш кхайкхарца, буьйсанан хІора дакъа долалуш, Хьайн дагахь мел дерг а, хи санна, Іанаде Везачу Элана хьалха. Хьайн куьйгаш кховдаде доІанца Цуьнга, Хьайн берийн синош Цо Іалашдар доьхуш, Урамийн сенашкахь уьш мацалла лечу хенахь. qac Хqac*ьажахьа Хьо, Веза Эла, Ахь хьанна и дина! Дезий те зударша шайн бераш даа, Шаьш дахар а делла, шаьш кхаьбна долу? Хьалдолчу Элан цІа чохь байъина хила безий те динан дай а, пайхамарш а? qac Вqac*уно къизачу чангІалкхо а накха ло шен кІорнеш юзорхьама, ткъа сан халкъана юкъара наной къиза хилла дІахІиттина, яьссачу аренгахь шен хІоаш дІатосу олхазар санна. qac Гqac*о хІинца декхаш долчу берийн меттанаш хьогаллина багара стигалх летта хилар. Кегийчу бераша а бепиг доьху, амма цхьаммо а ца ло царна иза. qac Дqac*ерстинчу женах шаьш дузош хилларш хІинца-м мацаллех урамашкахь леш бу. Хьалха дезачу кІадинах йина бедарш лелийнарш хІинца-м нехаш кегош лелаш бу. Ялта чудерзо хан тІекхаьчча, Аса юхадерзор ду Сайн ялта. Кемсаш хилла яьлча, чагІар а схьадоккхур ду. Аса цуьнгара схьабоккхур бу тІаргІа а, вета а, цуьнан ерзина хилар къайладоккхуш хилла долу.
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода