Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Хьалдолу Эла волу берриге а ницкъийн Веза Эла Ярушалаймера а, ЯхІуд-махкара а массо а тайпана гІо а, гІоьнча а дІаваккха хІутту. Цо дІабоккхур бу баьпкаца а, хица а бина кечам а, Аша Іожаллица а, эхартаца а бина барт бухур бу. Детташ долу серий, хитІедалар санна, чугІиртича, цо шу охьатухур ду. Цо мохь а хьоькхур бац, Шен аз а айдийр дац. Урамашкахь Шен аз а хозуьйтур дац Цо. Везачу Эло диканца леладо шо а, вайн Делан бекхаман де а кхайкхо, гІайгІанехь мел болчеран догъэца, Хьан бедарш цІен хІунда ю, муттдоккхургахь кемсаш хьешначийн санна? «Со цхьаъ бен вацара кемсаш хьуьйчохь, халкъашна юкъара цхьа а вацара Соьца. Ас Сайн оьгІазаллица хьийшира уьш, Сайн дераллица этира уьш. Церан цІий Сан обанна тІе детталора, иштта Сайн бедар бехйина Ас. Бекхаман де Сан даг чохь дара, Ас чІир екхаран шо тІекхаьчна. Везачу Эло боху: «Аса дІасадаржор ду шу, яьссачу аренгарчу мохо дІасаяржош йолу кегаш санна. Цундела хІоттаехьа церан берашна мацалла, довзийтахьа царна тур а. Церан зударий берех бовлийла, иштта бисина а Іойла уьш. ХІаллакбойла церан майранаш а, ткъа церан къонахой тІамехь туьраца байийла. Ярми-ЯхІу, цаьрга дІаала: „Везачу Эло, лоьмо санна, стигалара схьа гІигІ дийр ду. Цо Шен дезачу цІа чуьра нуьцкъалчу озаца къамел дийр ду. ЧІогІачу озаца Цо гІигІ дийр ду Шен махкана дуьхьал. Кемсех мутта а доккхуш, кемсаш а хьоьшуш, чагІар деш болчарна санна мохь беттар бу Цо дуьнен тІехь бехаш болчу массо а нахе. qac Цqac*у урамийн ченалахь ма Іохку бераш а, къаной а охьаэгна. Сан йоІарий а, кегий нах а мостагІчун туьро охьабехкина. ОьгІазваханчу ва дийнахь Ахь уьш хІаллакбира. Церан синош ца кхоош, къизаллица уьш байъира. Сан мостагІчунна а гур ду иза. «Мичахь ву хьан Веза Дела?» – соьга баьхна волу иза юьхьІаьржачу хІуттур ву. Сан бІаьргаш Іебар бу, урамашкара хатт санна, иза хьоьшуш гича. ТІаккха малико шен ира марс лаьтта тІехула хьалаайира. Лаьттара кемсаш, хеда а йина, Делан дераллин муттдоккхургана чу тесира цо. Цуьнан багара ира тур схьадолура, халкъашна тІехь толам баккхархьама. Аьчка гІожаца Цо олалла дийр ду царна тІехь. Массо а ницкъийн Делан оьгІазечу дераллин муттдоккхургана чохь Цо кемсаш хьоьшур ю.
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода