Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Везачу Эло шайна тІеваийтинчу мостагІчунна децар ду шу, меца а, хьогах а, дерзина а, къен а долуш. Дала шун вортанна тІебиллинчу безачу мохьо Іазапехь латтор ду шу. Сан коьртал а лакхадевлла аса летийна къинош, суна тІехь ма ду уьш, беза мохь санна. Сайн халкъана оьгІазвахнера Со, Сайн долахь дерг сийсаздинера Ас. Ас уьш хьан кара дІаделлера, амма ахь царах къинхетам ца бира. Ур-атталла къанвеллачунна а хьайн деза дукъ тІедуьллура ахь. ТІаккха Везачу Элан дош кхечира соьга: «ХІун го хьуна, Ярми-ЯхІу?» Аса жоп делира: «Суна бІаьлланган га го». Везачу Эло элира: «Хьуна гуш дерг нийса ду. Сайн бІаьргашца хьожуш ву Со Сайн дош билггал кхочушхилийта». «Ваха а гІой, Хьанан-ЯхІуга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Ахьа дохийнарг дечиган дукъ ду, ткъа ахьа динарг бахьана долуш, цуьнан метта аьчка дукъ хир ду’. Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Аса аьчка дукъ дуьллур ду цу массо а къаьмнийн коча, уьш Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран куьйга кІелахь хилийта. Уьш цунна гІуллакх деш лелар ду. Аса аренан акхарой а цунна дІаелла’“». Иза яхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІус цу чу воьллина вара, хІунда аьлча цо Ярми-ЯхІу иштта бехкевира: «Ахь хІунда бо иштта хаам: „Везачу Эло боху, Ша кестта Ярушалайм Бавелан паччахьан кара дІалур ю, Набухди-Нецара иза дІа а лоцур ю. ЦІадукъ-ЯхІу цо Бавеле дІавуьгур ву. Иза цигахь Іийр ву, Иза цигахь Іийр ву, Аса цунна дан леринарг кхочушдаллалц, – иштта боху Везачу Эло. – Нагахь аша хашадхошца тІом бахь, шу царал тоьлур дац“». Шу иштта леларна Аса шу малхбалехьарчу нахе дІалур ду. Цара шун латта дІалоцур ду, церан эскарша шун лаьтта тІехь шайн меттамотт дІахІоттор бу, уьш шуна юкъахь баха а ховшур бу, шун стоьмаш а бууш, шун шура а муьйлуш. Аса Сайн куьг шуна дуьхьал дІакховдор ду, Ас кхечу къаьмнашка талораш дойтур ду шуна. Ас кхечу къаьмнех дІа а хадор ду шун къам, иштта кхечу мехкех дІа а хедар бу шун мохк. Ас хІаллакдийр ду шун халкъ, тІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла’“».
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода