Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Сайн ялхочуьнга кхойкху со, амма цо суна жоп ца ло, цуьнга дехарш дан дезаш хуьлу со. Іаржделла сан чкъор охьадужу, дерриг а сан дегІ дагаро дІалаьцна. Сан денош, кІур санна, къайладовлуш ду, сан даьІахкаш, кхерч санна, йогуш ю. Исраилан Серлонах цІе хир ю, цуьнан Везачух алу хир ю, цхьана дийнахь ашурхойн паччахьан коканан коьллаш а, къух а догуш йолу. Маца хир бу те сан дагна хьаам? Ма гІайгІане ду-кх сан дог! ТІаккха аса сайга элира: «Вицвийр ву аса Веза Эла, бийр бац аса Цуьнан цІарах хаамаш». Амма сан кийрахь Цуьнан дош, цІе санна, догура, сан даьІахкашкахь дІахьулйина цІе санна, иза летара. Со хІоьттинера иза сайгахь сецо гІерташ, соьга иза кхин сеца а ца лора. Цундела Сан дералла а, оьгІазалла а охьаІанайира, ЯхІуд-махкара гІаланаш а, Ярушалайман урамаш а дагош. Иштта уьш дохийна дІадехира, ткъа уьш хІинца а дассаделла лаьтташ ду“. qac Вqac*уно чІогІа дар а велла, Ша оьгІазвахча, Исраилан берриг а ницкъ Цо хІаллакбина дІабаьккхи. МостагІий царна хьалха дІахІиттича, Шен аьтту куьг царна тІера Цо юхадерзий. Цо иза дича, йогуш йолчу цІеро санна, вайн махкара гонах мел дерг Цо дІа ма кхаьлли. Ас цунна тІе Сайн бой тосур ю, иза гураца схьа а лоцур ву. Цул тІаьхьа иза Бавеле дІавуьгур ву Аса, хашадхойн лаьтта тІе, амма цунна и латта гур дац, иза цигахь лийр ву. Уьш тІехбоьлхучу новкъахь Аса царна тІе Сайн бой тосур ю. Стигалара олхазарш санна, Аса уьш охьабохкур бу. Церан гуламе бечу хааме хьаьжжина уьш нисбийр бу Аса». Суна хезира – сан чуьйраш хьовзийра. Цунах лаьцна кхаъ хезча, сан балдаш дегийра, сан даьІахкех лазар кхийтира, сан когийн кІелара латта дегадо. Амма со собарца хьоьжур ву, тхуна тІелеттачу халкъана тІе догІучу бохаман дийне.
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода