Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Аса дечу узарша со гІел а во, дІавуьжу мотт аса сайн бІаьрхишца бус-буса тІун а бо. Сан велхаро со вуьжу мотт а башийна. ТІаккха, дІахьаьжча, суна гира стигална кІел мел еш йолу гІелонаш. Хьажал, гІийлачеран бІаьргех хиш дуьйлу, ткъа церан догъоьцург ца хуьлу. Царна гІело ечеран карахь ницкъ бу, ткъа церан догъоьцург ца хуьлу. Исраилан халкъ, хьайн когашка мачаш ма йохаяйта, хьайн къамкъаргана хьогалла ма гайта, кхечу деланашна тІаьхьа а уьдуш. Амма ахьа элира: „Са ма тийса! Суна кхечу къаьмнийн деланаш беза, со царна тІаьхьа лелар ду“». Яссийна хинйолу гІала, хьо хІун деш ю? ЦІен духарш хІунда духу? Дашо туьтеш хьайна тІе хІунда ухку? БІаьргашна басарш хІунда хьоькху? Хьо хазъяр эрна ду хьуна! Хьан безаргаша хьо йитина, хІинца хьо ен гІерташ бу уьш! Нагахь аша Везачу Эле ла ца догІахь, со къайла а ваьлла, воьлхур ву, шун куралла бахьана долуш. Сан белхар къаьхьа хир ду, Сан бІаьргаш хих буьзна хир бу, Везачу Элан жа йийсаре дІадигна хиларна. Хьан мел хиллачу бартхошна хьо дицделла, цу къаьмнашна бала бац, хьуна хІуъа хилча а. МостагІчо санна, Аса хьуна тоьхна, луьрачо санна, Аса хьуна таІзар дина, хІунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду. И хІуманаш ахьа лелорна, Ас хьуна безна болу а, хьоьца лелла болу а берриге безарш а, хьуна ца безнарш а массо а маьІІера схьагулбийр бу. Царна хьалха хьан духарш охьадохур ду Ас, ткъа царна хьо ма-ярра ерзина дІагур ю. Цундела, УхІулибат, Хьалдолчу Эло иштта боху: «Хьуна кІордийна хьайн безаргаш, амма Ас массо а маьІІера уьш кхуза схьакхойкхур бу, тІаккха цара хьуна го бийр бу.
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода