Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Іамминхойн а, муабахойн а йиш яц Везачу Элан гуламе баха. Ур-атталла церан уьтталгІачу тІаьхьенан а йиш яц цига баха. Асайпан назма. Ва Дела! Кхечу къаьмнаша дІалаьцна Хьан долахь долу латта, цара бехдина Хьан деза цІа, Ярушалаймах саьлнаш йина дІахІиттийна цара. Хьан езачу гІаланех яьсса аре хилла. Цийонах яьсса аре хилла, Ярушалайм яссаелла. ЦІергахь дагийна ду тхо долчохь хилла Делан цІа, тхан дайша шена чохь Хьо хестийна а, деза а, исбаьхьа а долу. Оха лерина а, езна а ерриг а меттигаш хІинца йохийна Іохкуш ю. Аша боху: «Тхайна сий мел доцург хезча, тхуна чІогІа эхь хетара. Везачу Элан цІийнан кертахь йолчу езачу меттигашна чу кхечу къаьмнех болу нах баьхкича, тхо чІогІа юьхьІаьржачу хІиттина дара». ДІаала Іамминхошка: „ЛадогІа Хьалдолчу Элан даше. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Аша сакъералуш: ‹Жолам-яІ›, – олура, Сан еза меттиг сийсазъяьккхича, шу Исраилан махках доьлура, иза бассийначу хенахь, шу ЯхІудан халкъах кхаьрдара, иза йийсаре дІадуьгучу хенахь.
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода