Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Шуна юкъахь Іаш волу тІевеана стаг вол-волуш шул лакха хьалавер ву, ткъа шу охьадевр ду. Цо шуьга духалург лур ду, ткъа шун цуьнга дала хир дац. Иза коьртехь хир ву, ткъа шу цІоганехь. Туьрах беллачарна юкъара дийна бисинарш Бавел-махка йийсаре дІабигира. Ткъа парсихойн пачхьалкх дІахІотталц йолчу ханна царах паччахьан а, цуьнан тІаьхьенан а леш хилира. Иштта боху Везачу Эло: «Мичахь ду шун ненан дІасакъастаран кехат, Ас иза дІайохуьйтуш цуьнгахь хилла долу? Я Сайна духалург ахча деллачух хьанна доьхкина Ас шу? Шу доьхкина ду, шайн къинош бахьана долуш. Шун зуламаш бахьана долуш, дІаяхийтина ю шун нана. Веза Эла, аса гІуллакхна Хьан кхеле кхайкхахь, Хьо массо а хенахь бакъ ву. Делахь а, харцонах лаьцна хатта лаьа суна: Іесачеран аьтто хІунда боккху церан некъашкахь? Дерриг а тешаме боцу лелачеран синтем хІунда хуьлу? Хьан мел хиллачу бартхошна хьо дицделла, цу къаьмнашна бала бац, хьуна хІуъа хилча а. МостагІчо санна, Аса хьуна тоьхна, луьрачо санна, Аса хьуна таІзар дина, хІунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду. Хьайн чевнашна хІунда бо ахь латкъамаш, хьайн лазарна дан дарба доццушехь а? Веза Эла волчу Аса дина ду иза, хІунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду. ГІалахь бухадисина долу халкъ а, шегахьа бевлларш а паччахьан гІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Бавеле дІабигира. ХІоккхул адам шен цІера даьккхира Набухди-Нецара: ша паччахьалла дечу ворхІалгІачу шарахь ЯхІуд-махкара кхо эзар ткъе кхоъ стаг араваьккхира цо. qac Сqac*интем боцуш Везачу Эло Шен дош кхочушди, хьалххе дуьйна Ша хьедина ма-хиллара. Хьо къизаллица Цо хІаллакйи, Ширачу хенахь Ша билгал ма-даккхара. И мостагІчунна хазахийти. Хьо цаезначийн ницкъ айи. Хьалдолу Эла! Хьайн йоллучу нийсонга хьаьжжина, дІайоккхийла Ахь Хьайн оьгІазалла а, дералла а Хьайн Ярушалайм-гІалина тІера. Иза Хьан гІала а, Ахь базбина лам а ма бу! Оха летийна къинош а, тхан дайн талхар а бахьана долуш, гонах болчара массара а Ярушалайм-гІалин а, Хьан халкъан а сий дайина.
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода