Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Сайн синан Іаткъам дІа а балхош, хІара ду суна дагаоьхург: адамийн тобанашца сайн лелар, Делан цІа долчу сайн хьалхавийлар. Халкъаца цхьаьна аса а кхойкхура дезде даздечу хенахь хазахетаран а, баркаллин а озаца. Сайн Хьомсарчунна илли эр ду аса, Хьомсарчун кемсийн бешах долу илли. Сан Хьомсарчун кемсийн беш яра хьийкъинчу лам тІехь. Бешара латта а аьхкина, тІулгаш дІа а даьхна, тоьлла йолу кемсийн таьллангаш юьйгІира Цо цига. Цул тІаьхьа беша юккъехь бІов а йира, муттдоккхург ян цунна чохь ор а даьккхира. Бешо дика кемсаш яларе хьоьжуш Іийра Иза, амма цо муьста кемсаш бен ца елира. Ткъа хІинца оцу кемсийн бешан Олахочо боху: «Ярушалайман бахархой а, ЯхІуд-мехкан адамаш а, Суна а, Сан кемсийн бешана а юкъахь долу гІуллакх къастадейша. Айса динчул сов Аса Сайн кемсийн бешана дан дисинарг кхин хІун дара? Со дикачу кемсашка сатуьйсуш Іаш хилча, муьста кемсаш хІунда елла цо? «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: Соьга хаттарш дан хьо Суна тІе ваийтинчу ЯхІуд-мехкан паччахье иштта дІаала: „Хьуна гІоьнна арадаьлла долу пирІунан эскар Мисар-махка юхадоьрзур ду. Хьо Исраилан къомах доьлуш дара, Муабин къам? Иза къола деш лаьцна дара, цуьнан цІе йоккхушехь, дела а доьлуш, корта лесттол? qac Сqac*ирла бІаьргаш гІелделла-кх тхан, гІо кхачаре эрна ла а дегІна. Тхо кІелхьара ца дахалуш долчу халкъе ха дечу бІов тІера тхо эрна охьахьийжира. ДІаала Іамминхошка: „ЛадогІа Хьалдолчу Элан даше. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Аша сакъералуш: ‹Жолам-яІ›, – олура, Сан еза меттиг сийсазъяьккхича, шу Исраилан махках доьлура, иза бассийначу хенахь, шу ЯхІудан халкъах кхаьрдара, иза йийсаре дІадуьгучу хенахь. Хьалдолчу Эло боху: ‘Ярушалайм хІаллакьхилар бахьана долуш тІараш детташ, когаш бетташ, Исраил-махках даггара кхаьрдаш, шу сакъералуш хиларна, Исраил-мохк бассийча, шу а дара даккхийдеш. Ткъа хІинца Аса шуна а дийр ду цунна диннарг. СеІир-лам а, берриг а Эдом-мохк а бассор бу. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла“». Ялта чудерзо хан тІекхаьчча, Аса юхадерзор ду Сайн ялта. Кемсаш хилла яьлча, чагІар а схьадоккхур ду. Аса цуьнгара схьабоккхур бу тІаргІа а, вета а, цуьнан ерзина хилар къайладоккхуш хилла долу. Шу хьогІаца хьежа ца дезара шайн вежарийн дийне, церан аьтто боьхначу дийне. Шу даккхийден ца дезара яхІудхой хІаллакьхуьлучу дийнахь, аша дозаллаш дан ца дезара церан бохаман дийнахь. Шу чудовла ца дезара Сан халкъан кевнехула цуьнан ирс дайначу дийнахь. Ур-атталла хьежа гІуллакх а дацара цуьнга цу дийнахь. Аша цуьнан бахамна тІе куьг кховдо ца дезара цунна бохам хиллачу дийнахь. Метта а веана, цо аьлла: „Мел дукха ялхой бу сан ден цІахь, церан массеран а шортта яа хІума ю, ткъа со кхузахь мацалла леш ву!
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода