Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Цара мисархочунна Іаьвдина инжирийн цхьа курс а, кишмийн ши курс а елира. Уьш дІадиъча, цуьнан ницкъ юхабирзира. Цу стага даа хІума дааза а, хи малаза а кхо дей-буьйсий дара. qac Пqac*оп санна а волуш, къона вара со, ткъа хІинца къанвелла. Делан лаамехь верг суна дІатесна а ца гира, цуьнан тІаьхье бепиг доьхуш а ца гира. ЦІадукъ-ЯхІус омра дира, Ярми-ЯхІу гІаролхойн кертахь чуволла, гІалахь долу бепиг чекхдаллалц цунна хІора дийнахь бепиг доттуш болчийн урамера бепиг а луш. Иштта, Ярми-ЯхІу гІаролхойн кертахь чувоьллина Іаш вара. «Сан олахо волу паччахь! Цу наха динарг вон ду, Ярми-ЯхІу гІунна чу а кхоьссина. Иза цу чохь мацалла лийр ма ву, хІунда аьлча кху гІалахь кхин бепиг дац». Цу шеран боьалгІачу беттан уьссалгІа де тІекхаьчча, гІалахь мацалла йолаелира. Цу чохь болчу бахархошна даа хІума ца диснера. qac Иqac* боьха томмагІа юх тІехь дара цуьнан. Ца йора цо ойла шех хиндолчун. Цуьнан йожарх нах инзарбевллера. Вац-кха цуьнан догъэца хІинца цхьа а. «Схьахьажахьа, Веза Эла, сан гІайгІа-балане, ХІунда аьлча сан мостагІа вазвелла дІахІоьтти!» qac Мqac*арахь долуш шайн наношка цу бераша ма олу: «Мичахь ду те бепиг, чагІар?» ТІаккха, чевнаш хилларш санна, гІалин урамашкахь охьа а оьгий, кийрара шайн синош дІа а хоьций, шайн нанойн карахь дІадовлу уьш. qac Уqac*замаш беш кхайкхарца, буьйсанан хІора дакъа долалуш, Хьайн дагахь мел дерг а, хи санна, Іанаде Везачу Элана хьалха. Хьайн куьйгаш кховдаде доІанца Цуьнга, Хьайн берийн синош Цо Іалашдар доьхуш, Урамийн сенашкахь уьш мацалла лечу хенахь. qac Вqac*уно къизачу чангІалкхо а накха ло шен кІорнеш юзорхьама, ткъа сан халкъана юкъара наной къиза хилла дІахІиттина, яьссачу аренгахь шен хІоаш дІатосу олхазар санна. qac Гqac*о хІинца декхаш долчу берийн меттанаш хьогаллина багара стигалх летта хилар. Кегийчу бераша а бепиг доьху, амма цхьаммо а ца ло царна иза. qac Дqac*ерстинчу женах шаьш дузош хилларш хІинца-м мацаллех урамашкахь леш бу. Хьалха дезачу кІадинах йина бедарш лелийнарш хІинца-м нехаш кегош лелаш бу.
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода