Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Амма Цийоно элира: «Везачу Эло йити со, Хьалдолчу Элана со йицъелла!» Везачу Эло боху: «Со-суо ву шун догъоьцуш Верг. Хьо хІунда кхоьру лийр волчу стагах, буц санна телхачу адамийн кІантах? КІеззигчу ханна Ас йитинера хьо, амма боккхачу къинхетамца Ас юхаялор ю хьо. Нанас беран догъоьцуш санна, Ас шун догъоьцур ду. Ярушалаймехь догъэцна хир ду шун. Нагахь аша Везачу Эле ла ца догІахь, со къайла а ваьлла, воьлхур ву, шун куралла бахьана долуш. Сан белхар къаьхьа хир ду, Сан бІаьргаш хих буьзна хир бу, Везачу Элан жа йийсаре дІадигна хиларна. ХІара Сан дош цаьрга дІакхачаде: „Дийнахь а, буьйсанна а, ца соцуш, Сан бІаьргаш хих бузийла, хІунда аьлча Сан хьомечу къомана чов йина Сан йоІстаг йолчунна боккха бохам баьлла. qac Бqac*уьйсанна иза йоьлху къаьхьачу белхарца. БІаьрхиш а ма ду цуьнан беснеш тІехула охьаоьхуш. Вац-кх цхьа а иза тейийриг и езначу массарна а юкъахь. Цуьнан берриг доттагІий а ямарта хили цунна. МостагІий а хилла, дІахІитти-кх уьш цунна. qac Иqac* боьха томмагІа юх тІехь дара цуьнан. Ца йора цо ойла шех хиндолчун. Цуьнан йожарх нах инзарбевллера. Вац-кха цуьнан догъэца хІинца цхьа а. «Схьахьажахьа, Веза Эла, сан гІайгІа-балане, ХІунда аьлча сан мостагІа вазвелла дІахІоьтти!» qac Тqac*ийналлица кхойкху Хьалдолчу Эле адамийн дегнаша. Тергам белаш хІинца аша, Цийонан йоІан пенаша, Дийнаххьий, буьйсанний, Іовраш санна, бІаьрхиш хьан оьхийла. Хьан синтем а ма хуьлийла, хьан бІаьргийн садаІар а ма хуьлийла.
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода