Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Везачу Эло ЯхІу-Якхам-паччахьна дуьхьалбехира хашадхойн а, арамхойн а, муабахойн а, Іамминхойн а тІемалой, цаьрга ЯхІуд-мохк хІаллакбайтархьама, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Ша ма-аллара. Везачу Элан лаамца хилира и дерриге а ЯхІудан халкъаца, иза Шена дуьхьалара юхататтархьама. Везачу Эло иза дира Маннаш-паччахьо дукха къинош леторна а, цо сийсаза долу гІуллакхаш дарна а, иштта цо бехк боцу дукха адам хІаллакдарна а. Маннаш-паччахьо Ярушалайм-гІала цу нехан цІийх юзар бахьана долуш, цунна гечдан ца лиира Везачу Элана. Суна берах хьийзочу зудчун аз хезаш санна хета. И аз дуьххьара бер деш йолчу зудчун санна ду. Иза Цийонан йоІан аз санна ду. Са а лоцуш, куьйгаш хьала а дахийтина, цо боху: «Маржа-яІ! Сан са малделла дІадолу байа баьхкинчу нахана хьалха!». qac Бqac*уьйсанна иза йоьлху къаьхьачу белхарца. БІаьрхиш а ма ду цуьнан беснеш тІехула охьаоьхуш. Вац-кх цхьа а иза тейийриг и езначу массарна а юкъахь. Цуьнан берриг доттагІий а ямарта хили цунна. МостагІий а хилла, дІахІитти-кх уьш цунна. qac Зqac*ене долу къинош летадора Ярушалаймо. И бахьанехь догдели нехан а цунах. Хьалха, и хеста а еш, язйина лелларш хьоьжу хІинца массо а ца бешаш цунах, гарна шайна и хІинца ерзинаяьлла. Ша а цо ма доху даккхий синош хІинца, шена эхь хетарна, дІа а йоьрзуш. qac Иqac* боьха томмагІа юх тІехь дара цуьнан. Ца йора цо ойла шех хиндолчун. Цуьнан йожарх нах инзарбевллера. Вац-кха цуьнан догъэца хІинца цхьа а. «Схьахьажахьа, Веза Эла, сан гІайгІа-балане, ХІунда аьлча сан мостагІа вазвелла дІахІоьтти!» qac Пqac*Іелг Шен меттахбаккхарца дІатеси Хьалдолчу Эло Суна чохь карийна мел болу сан нуьцкъала тІемалой. ТІаккха суна дуьхьал Цо эскарш дІахІиттий, Цаьрга хІаллакбайтархьама сан къона тІемалой. Мутт доккхучу гІирсо санна, Цо дІахьаьши яхІудхойн йоІ йолу и Ярушалайм-гІала. qac Рqac*еза йоцуш йоьлху со, бІаьргаш бІаьрхих дуьзна сан. Вац со денъян цхьа а, тейийриг а вац-кха сан. Бераш ду сан дог доьхна, МостагІа шайл тоьлла дела». qac Цqac*арна ас узарш деш хезна, Вац-кха сан догъэца цхьа а. ДІахезна сан мостагІашна Со къизачу баланехь хилар. Айхьа аьлла де тІедаийтахьа, Уьш а Ахь сох дІатарбехьа.
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода