Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Нагахь Хьан халкъо Хьуна хьалха къинош летадахь (ткъа къа ца латош адам дан а дац), тІаккха Ахьа, масала, царна оьгІаз а вахана, уьш мостагІашка эшабойтур бу. Ткъа мостагІаша, царна йийсар а дина, генарчу я юххерчу хийрачу махка дІабига мега уьш. Амма Аса гІайгІа йойтур ю Ариале, белхар а, латкъам а хир бу цигахь. Иза Суна сагІа доккхучу кхерчан юкъ санна хир ю. Хьо сийсазйина хир ю, лаьттара схьа къамел дийр ду ахьа. Хьан къамел лаьттан чена бухара схьа хезаш хир ду, гІалартан санна, хир ду хьан аз, чена кІелхьара шабар-шибар хир ду ахьа бохуш дерг. Хьан ерзина хилар гуш хир ду, хьан эхь нахана гучудер ду. Ас бекхам бийр бу, цхьаннах а къинхетам бийр бац». Ахьа хьайга хаттар дан мега: «ХІунда беана суна тІе хІара бала?» – аьлла. Дагар ца даллал дукха къинош летийна ахьа хьайх. Цундела хьан кучан юх яьттІа ю, когаш берзина а бу. Аса-айса хьан кучан юх хьан юьхь тІе хьалатосур ю, хьан бехке меттиг массарна а дІагайта. Хьан мел хиллачу бартхошна хьо дицделла, цу къаьмнашна бала бац, хьуна хІуъа хилча а. МостагІчо санна, Аса хьуна тоьхна, луьрачо санна, Аса хьуна таІзар дина, хІунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду. qac Гqac*ІайгІанехь ма ду Цийонан некъаш, Царна тІехула ца леларна деза де даздийраш. Ма яссаели хІинца цуьнан ерриг а ков-керташ, Цуьнан динан дай а бу узарш деш лаьтташ. ЙоІарий а ма бу цуьнан йоккхачу гІайгІанехь. Йоккха къахьо ма ю цуьнгахь шегахь а. qac Дqac*ІахІитти-кх коьрте цуьнан массо а мостагІий, Иза цаезнарш тоьллачу хьолехь бу. Везачу Эло цунна и вон тІедаийти, Цуьнан бахьана а цуьнан дукха къинош хилар ду. МостагІашна хьалха, йийсаре а дахана, Доьлхуш, дІаоьхуш цуьнан бераш а ду. qac Лqac*оьхуш напха шена, доккха са а дохуш, Дерриг а хьан халкъ шен синехьа даьлла, Шен мехала мел йолу хІума цо юучух дІало, ша гІелделла доллушехь, дийна дисархьама. «Хьажахьа хьо, Веза Эла, – оцу халкъо боху – юьхьІаьржачу хІоьттина долу сан хьал хІинца муха ду. qac Сqac*атуьйсуш, кхийдадо шен куьйгаш Цийоно, амма вац-кха цуьнан догъэца цхьа а. Якъубан халкъах лаьцна Везачу Эло омра дина, цуьнан лулахойх Цо мостагІий цунна бина. Царна юкъахь Ярушалайм-гІала дІахІоьтти-кх сийсазниг а хилла. qac Хqac*ьажахьа соьга, Веза Эла, дог доьхна со хиларна, Суна чохь мел йолу хІума егаеш дІахІоьтти. Дог а меттахдаьлла сан, Хьуна ас дуьхьало ярна. Арахьара деанчу туьро сайн берех со яьккхи. ЦІера хьал, ялар санна, ма ду сан хІинца. qac Цqac*арна ас узарш деш хезна, Вац-кха сан догъэца цхьа а. ДІахезна сан мостагІашна Со къизачу баланехь хилар. Айхьа аьлла де тІедаийтахьа, Уьш а Ахь сох дІатарбехьа. qac Іqac*есаллица цара мел динарг Хьуна хьалха дІахІуттийла. Сан къинош бахьанехь суна динарг Ахьа царна а дойла. Тийжамаш сан бу-кха гІийла, Дог а сан мел гІелделла». И хІуманаш ахьа лелорна, Ас хьуна безна болу а, хьоьца лелла болу а берриге безарш а, хьуна ца безнарш а массо а маьІІера схьагулбийр бу. Царна хьалха хьан духарш охьадохур ду Ас, ткъа царна хьо ма-ярра ерзина дІагур ю. Ас дІалур ю хьо хьайн безарийн кара, тІаккха дохор ду хьан кхахьпаллин цІенош, дІасакхуьйсур ю хьан цІушна Іамал ян меттигаш а. Цара хьуна тІера бедарш дІайохур ю, хьан жовхІарш дІадохур ду, ткъа хьо ма-ярра ерзина юьтур ю. Цара гойтур бу хьуна шайн цабезам, цара, ахьа къахьегна даьккхинарг дІа а даьккхина, хьо ерзина юьтур ю. Хьан нахаца лелар а, боьха лелар а, кхахьпалла а массарна а гуш хир ду, хьо юьхьІаьржачу а хІоттош. Аса яссор ю цуьнан кемсийн таьллангаш, инжиран дитташ а дассор ду. „Суна сан безаргаша луш долу алапа ду хІара“, – олу цо царах лаьцна. Аса царах акха боьлак йийр ю, аренийн акхароша цоьстур йолу. «Цу дийнахь къинойх а, сийсазаллах а цІанбалийта Даудан цІенна а, Ярушалайман бахархошна а цхьа хьоста дІаделлалур ду.
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода