Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Ярушалаймехь чІогІа нуьцкъала паччахьаш хилла. Цара шаьш паччахьаллехь болчу хенахь цу гІалахь а, Эпрат-хина малхбузехьа йолчу агІонгахь мел долчу латтанаш тІехь а куьйгалла дина, цу нахе ясакх токхуьйтуш а хилла, цаьргара ял схьагулъеш а хилла. ХІинца ладогІа, хьолехь ехаш телхинарг. Хьуна моьтту, хьо, кхерамехь а йоцуш, Іаш ю. Деле а кхочуш, хьайн даг чохь боху ахь: „Со Дела ву, соьга кхочуш цхьа а вац. Со йисина Іаш а хир яц цкъа а, бераш а дайна, ас бала а хьоьгур бац“. Амма цІеххьана, цхьана дийнахь, и ший а хІума хьуна тІе догІур ду: хьан майра а, бераш а довр ду. Дерриге а хьан бозбунчаллашка хьаьжна доцуш, Ахь мел лелийначу молханашка хьаьжна доцуш, и хІуманаш кхоччуш хьуна тІе догІур ду. Амма Цийоно элира: «Везачу Эло йити со, Хьалдолчу Элана со йицъелла!» ТІаккха хьайн дагахь ахьа эр ду: „Хьан дина суна хІара бераш? Сох бераш дІадаьхнера, со уьш хуьлуш а яцара. Со йийсарехь а, махках яьккхина а яра. Хьан кхиийна хІара бераш? Со массара а цхьа йитина ма яра – хІара бераш мичахь дара?“» Иштта боху Везачу Эло: «Мичахь ду шун ненан дІасакъастаран кехат, Ас иза дІайохуьйтуш цуьнгахь хилла долу? Я Сайна духалург ахча деллачух хьанна доьхкина Ас шу? Шу доьхкина ду, шайн къинош бахьана долуш. Шун зуламаш бахьана долуш, дІаяхийтина ю шун нана. Кхера ма кхера – кхин юьхьІаьржачу хІуттур яц хьо. Эхь хеташ ма хила – кхин аьшнаш йийр яц хьо. Хьайн жимачу хенахь юьхьІаьржачу хІоттар дицлур ду хьуна, хьайн йисина Іаш сий дайна хилар дага а догІур дац хьуна. Аса сацор ду ЯхІуд-махкарчу гІаланашкахь а, Ярушалаймехь а ирсе аьзнаш а, церан самукъадалар а. Кхузахь цхьанна а хезар дац нускалан а, зуда ялочун а аьзнаш, хІунда аьлча хІара латта дассийна лаьтташ хир ду». Тхан мостагІчун леша олалла до тхуна тІехь, цхьа а вац церан карара тхо кІелхьардаха. Шапанин кІентан Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу царна хьалха чІагІонаш еш вара: «Ма кхера хашадхошна гІуллакх дан. ХІокху махкахь даха охьа а ховша, Бавелан паччахьна муьтІахь а хила, тІаккха шуна дика хир ду. Хьолана юкъа а яхана, шен сийлалла хьала а даьккхина, иза Іийна хиларе терра, аша а оццул баланехь а, гІайгІанехь а хилийта иза. ХІунда аьлча цо шен дагахь боху: „Со паччахь хилла Іаш ю. Со йисина Іаш ерг яц. Со цкъа а хир яц гІайгІане!“
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода