Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Іесачу паччахьийн олалла гойту гІаж Везачу Эло кагйина. Оцу олахоша шайн оьгІазаллица халкъашна ца соцуш тухура, шайн дераллица къаьмнаш муьтІахь дора, царна ницкъ бар юха а ца узуш. Везачу Эло диканца леладо шо а, вайн Делан бекхаман де а кхайкхо, гІайгІанехь мел болчеран догъэца, Бекхаман де Сан даг чохь дара, Ас чІир екхаран шо тІекхаьчна. qac Бqac*уьйсанна иза йоьлху къаьхьачу белхарца. БІаьрхиш а ма ду цуьнан беснеш тІехула охьаоьхуш. Вац-кх цхьа а иза тейийриг и езначу массарна а юкъахь. Цуьнан берриг доттагІий а ямарта хили цунна. МостагІий а хилла, дІахІитти-кх уьш цунна. qac Иqac* боьха томмагІа юх тІехь дара цуьнан. Ца йора цо ойла шех хиндолчун. Цуьнан йожарх нах инзарбевллера. Вац-кха цуьнан догъэца хІинца цхьа а. «Схьахьажахьа, Веза Эла, сан гІайгІа-балане, ХІунда аьлча сан мостагІа вазвелла дІахІоьтти!» qac Рqac*еза йоцуш йоьлху со, бІаьргаш бІаьрхих дуьзна сан. Вац со денъян цхьа а, тейийриг а вац-кха сан. Бераш ду сан дог доьхна, МостагІа шайл тоьлла дела». qac Сqac*атуьйсуш, кхийдадо шен куьйгаш Цийоно, амма вац-кха цуьнан догъэца цхьа а. Якъубан халкъах лаьцна Везачу Эло омра дина, цуьнан лулахойх Цо мостагІий цунна бина. Царна юкъахь Ярушалайм-гІала дІахІоьтти-кх сийсазниг а хилла. qac Іqac*есаллица цара мел динарг Хьуна хьалха дІахІуттийла. Сан къинош бахьанехь суна динарг Ахьа царна а дойла. Тийжамаш сан бу-кха гІийла, Дог а сан мел гІелделла». qac Пqac*е а бетташ, гІалина уллохула мел лелачу наха хІинца куьйгаш шайн вовшах ма детта. Кортош а лестош, цара шакарш етта. Ярушалаймах лаьцна цара иштта хоьтту: «Шех хазаллин кхачамалла ду аьлла йолу гІала хІара ю те? Шех хазахетаран бохь бу аьлла гІала хІара ю те?» qac Цqac*хьаьна а кхетий, хазахетарца самукъадаккха хьайна ІуцІа-махкахь дехаш долу Эдоман халкъ! Амма хаалахь, и къаьхьа кад хьуна а тІекхочур буйла, тІаккха, даха а дехна, хьо а дерзинадер дуйла. ДІаала Іамминхошка: „ЛадогІа Хьалдолчу Элан даше. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Аша сакъералуш: ‹Жолам-яІ›, – олура, Сан еза меттиг сийсазъяьккхича, шу Исраилан махках доьлура, иза бассийначу хенахь, шу ЯхІудан халкъах кхаьрдара, иза йийсаре дІадуьгучу хенахь. Хьалдолчу Эло боху: ‘Ярушалайм хІаллакьхилар бахьана долуш тІараш детташ, когаш бетташ, Исраил-махках даггара кхаьрдаш, шу сакъералуш хиларна, Исраил-мохк бассийча, шу а дара даккхийдеш. Ткъа хІинца Аса шуна а дийр ду цунна диннарг. СеІир-лам а, берриг а Эдом-мохк а бассор бу. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла“». Цуьнан ден къинош Везачу Элана дагахь лоттийла, цуьнан ненан къа цкъа а дІа ма доккхийла. Церан къинош массо а хенахь Везачу Элана хьалха лаьттийла, царах-шайх болу дагалецамаш Цо дуьнен чуьра дІабохийла. Ва Веза Эла, дагадаийтахьа эдомхоша Ярушалайм эшийначу дийнахь динарг. Дагадаийтахьа цара иштта кхойкхуш хилар: «Йохае и гІала! Йохае иза буха тІе кхаччалц!» Бавелан йоІ, хІаллакьян ва леринарг! Ирсе ву ахьа тхуна динчунна хьуна бекхам эцнарг! Аса, Деле доІа а деш, элира: «Ва тхан Дела, сийсаза а дохуш, цара тхох лаьцна аьлларг дІахазахьара Хьуна тхан доІанехь. Шаьш тхох кхаьрдинарг царна дуьхьал даккхахьара Ахьа. Хийрачу махка чу, хІонс санна, йийсаре а бигна, юьхьІаьржачу хІиттабехьа уьш! Царна тІера бехк дІа а баьккхина, Хьайна хьалха цара летийначу къиношна геч ма дахьара Ахьа, хІунда аьлча цара пен беш болу нах сийсазбаьхна». qac Дqac*ІахІитти-кх коьрте цуьнан массо а мостагІий, Иза цаезнарш тоьллачу хьолехь бу. Везачу Эло цунна и вон тІедаийти, Цуьнан бахьана а цуьнан дукха къинош хилар ду. МостагІашна хьалха, йийсаре а дахана, Доьлхуш, дІаоьхуш цуьнан бераш а ду. qac Цqac*арна ас узарш деш хезна, Вац-кха сан догъэца цхьа а. ДІахезна сан мостагІашна Со къизачу баланехь хилар. Айхьа аьлла де тІедаийтахьа, Уьш а Ахь сох дІатарбехьа. Цундела тхан дегнаш а ду доьлхуш. Цундела тхан бІаьргаш а ду гІелделла.
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода