Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Параллельные места
Везачу Эло соьга элира: «ДІаала паччахье а, паччахьан нене а, шайн паччахьан гІанташна тІера охьабисса, хІунда аьлча церан кортошна тІера сийлаллин таьжнаш охьаэгна. Хьажал Ярушалайм, хьайн бІаьргаш дІахьажабай: къилбаседехьара хьан мостагІий тІебогІуш бу! Іалашдан хьоьга дІаделла адамийн жа мичахь ду? Ахьа дозалла деш долу уьстагІий мичахь ду? Акха варраш а ду ерзинчу лакхенашкахь лаьтташ, чангІалкхаша санна, шайн мерех хІаваъ чууьйзуш. Церан бІаьргаш кхоьлина бу, яа буц цахилар бахьана долуш». qac Дqac*ерстинчу женах шаьш дузош хилларш хІинца-м мацаллех урамашкахь леш бу. Хьалха дезачу кІадинах йина бедарш лелийнарш хІинца-м нехаш кегош лелаш бу. qac Уqac*ьш, тхуна тІаьхьабевлларш, стигаларчу аьрзунел а чехка бара. Лаьмнашкахула тхуна уьш тІаьхьабевлира, яьссачу аренгахь тхуна цара кІело а йира.
Плач Иеремии
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода