Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Буьйсанна сайна дуьхьалхІоьттинчу суьртехь стигаларчу мархашца вогІу адамийн кІантах тера цхьаъ гира суна. ТІекхаьчна ваьлча, иза Хенара Къаночунна тІевигира. Олалла а, сийлалла а, паччахьалла а делира цунна. Массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу наха цунна Іибадат дира. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан пачхьалкх цкъа а юхур яц». Ткъа Даудан цІенна а, Ярушалайм-гІалин бахархошна а къинхетаман а, гечдаран доІанийн са шортта тІеІанор ду Ас. ТІаккха хьовсур уьш шаьш гоьмукъ чекхбаьккхина волчу Соьга. Цара цунах лаьцна белхарш дийр ду, цхьаъ бен доцучу берана тІера санна, уьш гІайгІане хир бу дуьххьарлерчу доьзалхочунна гІайгІане хиларе терра. дисина тукхамаш а шаьш дол-долчохь доьлхур ду, церан зударий а шаьш бол-болчохь боьлхур бу». Адамийн КІант шен Ден сийлаллица, гонах маликаш а долуш, схьавеача, Цо стагана хьакъ дІалур ду, хІораммо а динчуьнга хьаьжжина. Хьажал, Иза мархашца охьавуссур ву, тІаккха массарна гур а ву Иза, ур-атталла Цунах гоьмукъ чекхбаьккхинчарна а тІехь. Лаьттарчу дерриге а тукхамаша белхар дийр ду Цунах. Иза иштта билггал хир а ма ду! Амин!
Выбор основного перевода