Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Вовшашна аьрзнаш ма делаш, вежарий, шайна кхел ца яйтархьама, хІунда аьлча Кхелахо неІарехь лаьтташ ву. Динан вежарий, хин йолчу хенах а, заманах а лаьцна оха шуьга хІумма а яздан оьшуш дац. Шуна шайна а билггала хаьа, буьйсанна цІеххьана вогІу къу санна, иштта дагахь доццучу хенахь тІекхочур ду Везачу Элан де. «ХІинца машар бу, цхьа а кхерам а бац» – адамаша боххучу хенахь, берах йолчу зудчунна цІеххьана тІедогІу лазарш санна, цІеххьана тІедогІур ду церан хІаллакьхилар а. Уьш кІелхьара а бевр бац. Ткъа шу, динан вежарий, боданехь дац, и де, къу санна, шуна тІекхача. Шу массо а серлонан кІентий а, дийнан кІентий а ду. Вай буьйсанан я боданан кІентий дац.
Выбор основного перевода