Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нохьа-пайхамаран заманахь санна хир ду Адамийн КІант схьавогІуш. ХІумма а дагахь доцуш хилла долу адамаш, хи тІе а даьлла, хІаллакьхилира. Иштта хир ду Адамийн КІант схьавогІучу хенахь а. Амма хІораннан а шен-шен рагІ хир ю. Дала леррина Къобалвинарг денбинчарах дуьххьарлераниг ву. ТІаккха Иза схьавеача, Цуьнан долахь берш а денбийр бу. Ткъа мила ву хІинца тхуна дегайовхо луш верг, я тхуна хазахоьтуьйтуш верг, я тхан сийлаллин таж? Шу-м дац те уьш, тхан Веза Эла волчу Іийсана хьалха, Иза кху дуьнен чу юхавогІуш, хиндерш? Динан вежарий! Оха доьху шуьга вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвина Іийса кху дуьнен тІе схьаварах а, вай Цуьнца цхьаьнакхетийтарх а лаьцна: ТІаккха гучувер ву зуламех вуьзна волу и стаг. Веза Эла волчу Іийсас Шен багарчу Іаьнарца вуьйр ву иза, Шен схьаваран дозаллица иза хІаллак а вийр ву.
Выбор основного перевода