Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Шен дераллица уьш чІогІа кхерийна, Цо, оьгІаз а вахана, цаьрга дІахьедийр ду: «Оцу хенахь хьан халкъ Іалашдеш долу а, сийлахь эла долу а Микаал-малик гучудер ду. ТІаккха адамаш дуьнен чу девллачхьана, хІокху ханна тІекхаччалц, цкъа а хилла йоцу хала хан йогІур ю. Ткъа оцу хенахь хьан халкъана юкъара берриг а Делан тептар тІе дІаязбина карор берш кІелхьарбевр бу. И де боданан а, Іаржаллин а де ду, мархаш а, дохк а долуш. Лаьмнашкахула дІасаяьржа буьйса санна, доккха а, нуьцкъала а долу цІазан эскар тІедогІу. Иштта долу эскар азалера дуьйна а хилла дац, ткъа иза абаде тІеяллалц а хир дац. Доьналла долуш хила аьлла, Аса шайна дина омра аша лардина дела, Аса а лардийр ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш зерхьама, кху дуьнен чу массанхьа а баланаш тІебоуьйтур болчу заманах.
Выбор основного перевода