Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
УьстагІийн аматехь шайна дуьхьал хІуьттуш болчу харц-пайхамарех ларлолаш. Кийрахь луьрачу берзан дог ду шуна церан. Суна хаьа, со шуна юкъара дІавахча, дерачу берзалоша, чу а яьхкина, бажа кхоор бац. Делан Сино кхеттош схьабоху: тІаьхьарчу хенашкахь цхьаболу нах Іийсах тешарх юхабевр бу. Адамаш Іехош долчу харцжинашна а, жинийн хьехамашна а тІаьхьахІуьттур бу уьш. Сан хьоменаш! Муьлх-муьлххачу а синах ма тешалаш, амма и синош таллалаш, уьш Делера дуй те а хьожуш. ХІунда аьлча дуьнен чохь дукха харцпайхамарш баьржина.
Выбор основного перевода