Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Стигала йисте кхаччалц шу дІасадаржийна делахь а, цигара а схьагулдийр ду Цо, цигара а схьадалор ду. Цу дийнахь иштта хир ду: сийлахь коьман маІа лекхча, Ашур-махкахь тилабелла лелларш а, Мисар-махка лаьхкина бигнарш а схьабогІур бу. Ярушалаймерчу безачу лам тІехь Везачу Элана хьалха суждана гІур бу уьш. «Варелаш! ДІадовдалаш къилбаседерчу махкара, стигалан мох хьоькхучу еа а агІор шу дІасадаржийнера Ас, – боху Везачу Эло. – Веза Эла царна тІехула гучувер ву. Ткъес санна, хецалур ду Цуьнан Іад. Хьалдолчу Эло коьман маІа екор ю, Иза къилберачу дарцашца дІаволалур ву. Адамийн КІанта Шен маликаш дохуьйтур ду, къинош летош, зулам лелош берш Шен Олаллера, схьа а къастийна,
Выбор основного перевода