Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со бахьана долуш паччахьашний, элашний тІе а дуьгур ду шу. Царний, кхечу къаьмнех болчарний хьалха тоьшалла дан а дезар ду шун, шу Сан мурдаш болу дела. Ткъа аса хоьтту: царна ца хезнера хаза кхаъ? Дера хезнера. Делан Йозано боху: «Дерриг а лаьтта тІехула чекхъяьлла церан лар. Дуьне мел ду дІакхаьчна церан тоьшалла». Шу долчу кхаьчна болу и хаза кхаъ дерриг а дуьнен тІехь шен стом луш а, дІасабаьржаш а бу, Делан дика баккъалла а муха хуьлу шуна хезначу а, шу кхеттачу а дийнахь дуьйна, шуна юкъахь и кхаъ иштта лелаш ма-хиллара. Иза иштта хир а ду, нагахь санна шайн тешар тІехь шеконаш а йоцуш, чІагІ а делла, шу латтахь а, шайна хезначу хазачу кхоо луш болчу сатийсамах аша шаьш дІа ца хадийтахь а. Стигал кІел болчу массаьрга а дІахазийтинчу оцу хазачу кхоан ялхо хилира сох, ПахІалах.
Выбор основного перевода