Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма хаалаш, нагахь санна хІусамдена къу маца вогІур ву хууш хиллехь, цо шен цІа чохь къола дойтур дацара. Шу а хила деза кийча, хІунда аьлча Адамийн КІант шу Цуьнга ца хьоьжучу хенахь вогІур ву». ТІаккха Кипас хаьттира: «Эла! Иза тхуна я массарна а дуьйцу Ахь?» – аьлла. Везачу Эло жоп делира: «Ас дуьйцур ду шуна тешаме а, хьекъале а урхалхо мила ву цІа чохь: иза, хІусамдас вукху ялхошна тІехь куьйгалла дан а хІоттийна, царна шен хеннахь юург луш верг ву. Декъала ву иза, шена тІедиллина гІуллакх деш а волуш, цуьнан хІусамда цІа кхаьчча. Бакъдерг боху шуьга: хІусамдас иза берриг шен бахамна тІехь куьйгалхо хІоттор ву. Амма, масала, и ялхо: „Сан хІусамда кеста цІа вогІий ца хаьа“, – аьлла, ойла а йина, кхечу ялхошна етта а йиттина, дууш, ваххалц молуш Іийр ву. Цунна дагахь а доцучу, иза цІа варе ца хьоьжучу хенахь, хІусамда цІа кхочур ву. ХІусамдас иштта ялхо, тур тоьхна, шина декъе воькъур ву, Делах ца тешачу нехан дакъа цунна кхочуьйтур ду. Шуна шайна а билггала хаьа, буьйсанна цІеххьана вогІу къу санна, иштта дагахь доццучу хенахь тІекхочур ду Везачу Элан де. Цундела вай дийшина Іан ца деза, боданехь болу кхиберш санна, амма сема а, кхетамехь а хила деза. Делан Йозанашкахь ма-аллара: «Хаза денош а гуш, ирсе ваха лууш волчо вочу дешнех шен мотт а ларбе, харц долчух шен бага а ларъе.
Выбор основного перевода