Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Нqac*ийсса ду гуттаренна а Хьан дош, Веза Эла, стигалшкахь иза чІагІдина лаьтташ ду. qac Чqac*ІогІа тешаме бу Хьан дешан бух, массо а Хьан нийса тІедехкинарш абаденналц ду. Хьалахьовсал стигала, охьахьовсал лаьтта! Стигалш дІаевр ю, кІур санна. Латта тишлур ду, бедар санна, цуьнан бахархой а лийр бу, мозий санна. Амма Сан кІелхьардаккхар гуттар а хир ду. Сан нийсо цкъа а дІаер яц. Аса чІагІо йо шуна: стигаллий, латтий дозуш а долуш, товрат-хьехамашна юккъера цхьа элп я цхьа сиз а дІадоккхур дац, цу тІехь аьлларг кхочушхиллалц. Амма стигалний а, латтаний а атта хир ду дІакъовладала, товрат-хьехамаш тІера цхьа сиз дІадовчул.
Выбор основного перевода