Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха лаьттара адамаш чІогІа галдевлла хилар а, церан ойланаш а, дегнаш а, массо а ханна а зуламах дуьзна хилар а гира Везачу Элана. ХІара ду Нохьин тІаьхьенах хилларг. Нохьа хилла шен тайпанехь лела хууш а, Далла гергахь бакъахьара а, цІена а стаг. Иза Дела даг чохь волуш лелаш вара. Кхо кІант хилла Нохьин: Шима, Хьама, Япат цІераш йолуш. Ткъа Лаьттара адамаш Далла гергахь чІогІа бехделлера, латта зуламех дуьзнера. Дела Лаьтта охьахьаьжча, Цунна гира латта бехделла хилар, хІора Лаьттара стаг нийсачу новкъара дІаваьлла дела. хІунда аьлча, малхбалехьа летта, малхбузехула тІехъиккхина долу стелахаьштиг санна, хир ду Адамийн КІентан схьавар. ХІумма а дагахь доцуш хилла долу адамаш, хи тІе а даьлла, хІаллакьхилира. Иштта хир ду Адамийн КІант схьавогІучу хенахь а. Амма хІораннан а шен-шен рагІ хир ю. Дала леррина Къобалвинарг денбинчарах дуьххьарлераниг ву. ТІаккха Иза схьавеача, Цуьнан долахь берш а денбийр бу. Ткъа мила ву хІинца тхуна дегайовхо луш верг, я тхуна хазахоьтуьйтуш верг, я тхан сийлаллин таж? Шу-м дац те уьш, тхан Веза Эла волчу Іийсана хьалха, Иза кху дуьнен чу юхавогІуш, хиндерш? Динан вежарий! Оха доьху шуьга вайн Веза Эла волчу Дала леррина къобалвина Іийса кху дуьнен тІе схьаварах а, вай Цуьнца цхьаьнакхетийтарх а лаьцна: ТІаккха гучувер ву зуламех вуьзна волу и стаг. Веза Эла волчу Іийсас Шен багарчу Іаьнарца вуьйр ву иза, Шен схьаваран дозаллица иза хІаллак а вийр ву.
Выбор основного перевода