Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьш кІелхьардохур долу билггал долу бакъдерг безамца тІе ца эцарна а, иза ца дезарна а хІаллакьхуьлуш берш муьлххачу а харцонца лебеш лелар ву иза. Хаалахь, тІаьхьарчу деношкахь хала хенаш хир ю. Шайн бен ойла ца еш хир ду адамаш. Уьш хир ду сутара, дозаллаш деш, кураллаш еш, вон баганаш лееш, дена а, нанна а муьтІахь доцуш, баркалла доцуш, дин доцуш. Вовшех къа ца хеташ, къинхетаме боцуш, вовшашна мотт бетташ, сацам боцуш, къизаллех буьзна, дика хІума бІаьрга дан ца дезаш хир бу уьш. Ямартлонаш лелош, шаьш лелочун кІоргга ойла ца еш, даг чу куралла йоьссина, сийсаза лелар Дела везарал алсам дезаш хир бу нах. Дин лелорехь тІехула суьпа лелар бу уьш, амма динан бакъболу ницкъ дІатоттур бу цара. Ишттачех къахкалахь.
Выбор основного перевода