Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Дала Нохье элира: «Адамаша латта зуламех а, таІзарех а дуьзна, иза бехдина хІаллакдо дела, Ас, хІаллак а дина, дІадоккхур ду и латта а, цу тІехь мел йолу садолу хІума а. Ткъа ахьа, хьайна зоьзан-дечигах доккха хинкема а де, цу чохь къаьстина чоьнаш а е, тІаккха кемана чухула а, тІехула а силам а хьакха. Ткъа кема иштта де: кеманан йохалла кхо бІе дол барамехь, цуьнан шоралла шовзткъе итт дол, ткъа лакхалла ткъе итт дол хила еза. Кеманан тховх кор а даккха цхьа дол барамехь, ткъа агІо тІехь неІ а яккха. Цу кеман чохь тІех-тІехула а долуш кхо дакъа де. Ткъа Аса хи доуьйтур ду лаьтта тІе, стигалш бухара чохь са мел долу хІума а хІаллакьярхьама. Лаьтта тІехь мел долу хІума хІаллакьхир ду. Ткъа хьоьца Аса Сайн барт бийр бу. Хьо а, хьан кІентий а, хьан зуда а, хьан кІентийн зударий а хьоьца цу хинкеманна чу бевр бу. Иштта кеманна чу даккха массо а тайпана дийнатех боьрша а, стен а шишша хІума. Уьш а шуьца дийна йисийтархьама. Ша-ша тайпана олхазарех а, тайп-тайпана даьхнех а, шайн тайпанашца массо а лаьттан текхаргех а, царех массарех а шишша, боьрша а, стен а, чуевр ю хьоьца, дийна йисархьама. Ткъа ахьа, массо тайпана даар схьа а эций, кеман чу дилла, хьуна а, царна а юучунна». Нохьас и дерриге, шега Далла ма-бохху, кхочушдира. Иштта бохучарна дицдан лаьа Делан дашца хьалххе дуьйна стигалш юйла а, латта хих а, хинехула а кхоьллина хилар а. Делан лаамца цу хенахьлера дуьне, хи а хьадийтина, хІаллакдина.
Выбор основного перевода