Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аса иза боху, хІунда аьлча дуккха а богІур бу Сан цІарах. Цара эр ду: „Со ву Дала леррина Къобалвинарг!“ Дукхахберш Іехор бу. Дукха нах лебеш, дуккха а харцпайхамарш юкъабевр бу. Сан динан бераш! ХІара кху дуьненан тІаьхьара зама ю. Шуна хезнера, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг вогІур ву аьлла. Ткъа хІинцале а дукха баьржина Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал берш. Цунах хаьа вайна, хІара билггал тІаьхьара зама юйла. Шуьга эр ду: „Иза кхузахь ву“, я „ДІогахь ву“, амма И гур вара алий, шу дІа ма хьовда. Цо элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш, хІунда аьлча Сан цІарца дукха нах богІур бу: „Со ву Иза“ я „Хан тІекхочуш ю“, – бохуш. Царна тІаьхьа ма хІитталаш.
Выбор основного перевода