Амма ву стигалшкахь къайленаш дІайоьллуш волу Дела. Цо дІадоьллу Набухди-Нецар-паччахьна тІаьхьарчу заманчохь хиндерг. Хьо дІавижна волуш хьан коьрта чохь хьуна гина гІан а, сурт а иштта дара:
ДІавижна волуш, паччахь, хьо ойла еш вара: „ХІун хир ду те хІинцачул тІаьхьа?“ – бохуш. И къайленаш дІайоьллуш Волчо хьуна хиндерг гайтира.