Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха, и кхузткъе шозза йолу ворхІ-ворхІ хан-зама яьлча, Дала къобалвинчун дахар хедар ду, цунна дуьхьалдаккха хІумма а дацахь а. Ткъа гІала а, Делан цІа а вогІур волчу баьччанан халкъо дохийна хир ду. ТІаьхье хир ю цуьнан, дистина деанчу хин тІаьхье санна. Ткъа дуьненан чаккхе тІекхаччалц тІом хир бу, билгалбаьхна болу бохамаш а хуьлуш. Дукхахболчаьрца цу баьччано цхьана ворхІ хан-заманна барт чІагІбийр бу. Цу ворхІ заманан эханехь дийнаташ дагош сагІа даккхар а, кхийолчу хІуманийн сагІа даккхар а сацор ду цо. Ткъа Делан цІийнан уггар лекхачу меттехь вас еш йолу къемате хІума дІахІоттор ю цо, билгалъяьккхина йолу чаккхе шена тІекхаччалц». маьхьарий а детташ: «Исраилхой! ГІо дейша! ХІара массанхьа а нах товратан хьехамашна а, вайн халкъана а, Делан цІенна а дуьхьалбохуш ву. Ткъа хІинца, Делан цІийне кхечу къомах болу нах – грекаш – а балийна, сийлахьа меттиг бехйина кхо». Иза хир ду цІеххьана, бІаьрган негІар а тохале, турбано тІаьххьара зурма лекхча. Турбано зурма ма-леккхи, белларш телхар боцучу тайпана ден а бийр бу, ткъа вай хуьйцур а ду.
Выбор основного перевода